Дадолиг йа делакотам а лоций: «Букашка», — олура детсадехь Iеминчу Джамбула.
— ДIахеца и дедо! Къа хир ду хьуна! — тIечевхара Тавсолта.
— Дедо хIун йу, дада?
— И ахь лаьцнарг йу-кх.
— Къа хIун йу?.. Мэл хIун йу? — цхьа а ца дуьтура ца хоттуш бераша. Дада хьовзош, кхано йуха хоттура шайна цкъа Iамийна дешнаш, Дадас локкхар ластайора:
— Муха хир ву сел эс йоцуш! Малонча!
Кхин а тIекхетара хеттарш:
— Дада, малонча бохург хIун ду? ХIун йу эс?
— Малонча — хьо ву, аьлларг дан мало йеш волу. Эс хьоьгахь йоцург йу: цкъа Iамийнарг хаа деза! Кхийтин хьо?
Шена бераш кIордийча:
— Совцабел xIopш, кула хилла суна! — йоIе мохь тухура Тавсолтас. Амма кIеззиг садоIIушехь, йуха а бераш шена тIедоьхура.
Балхара ша хьалхехь валахь, Тавсолта детсадера Джамбул а, яслера Зама а оьций, вогIура цкъацца. Мелла а хийцавеллера иза. КIеззиг белшаш а охьаоьхура, хьажар а, аз а кIадделлера. Кест-кеста валарх ойланаш а йогIура коьрте: «Хан йели — къанвели; къанвели — вели… вели — дIадели… Велча дIадолу дерриг а цIенна… Вай кхузахь хьошалгIахь ду… хьовха, муха олура аша, сан бераш? ХIаъ… командировкехь!.. Цхьаберш муха ца кхета-те цунах… хьекъал а доллушехь… Ма лерана а лела-кх уьш кху дуьнен чохь», — олура цо. Амма хIинца а могушчу, ницкъ болчу дегIо, йах ца йеш, сихха дIалохкура и ойланаш: «Кхана лийр волуш санна, Iожална кийча хила, цкъа а лийр воцуш санна, ваха кийча хила!» — дагалоций, айалой, юха а ондда шен гIуллакхашна чувулура иза…
…ГIала а йахана, чуеанчу Нурседас цеце элира:
— Хьажахь, дада, Сталина хIинца жуьгтий а кхуза схьалехка болийнийца… Джамбулехь суна сайна а гайтира цхьа-ши доьзал… Цхьа буьрсо йоккха стаг а гайтира — академик йу, бахара… Лина Соломоновна Штерн…
— ЭхI! Ма дика ду!.. — корта ластийра Тавсолтас.
— Хьуна хIун дина жуьгташа, ва дада, хьуна-х уьш гина а бац?! — цецъелира Селита.
— Суна олуш хезна: жуьгтех тасавелларг тIаьххьара а хIаллакьхир ву?.. ХIинца Сталин кестта вухур ву… Гитлер а вуьйхира, жуьгтех тасавелча, — шениг дуьйцура Тавсолтас…
Баккъал а, газеташа ма-хуьллу жуьгтий йемалбан болийна мур бара и…
Районан почтехь цхьа кехат дIадала веана Керим рогIехь нисвелира районан суьдан хьалхенча волчу Венкинна тIаьхьа. Венкин Петр Родионович, тIамехь а хилла, орденийн «биъ могIа» некха хьалха а болуш, жуьгти вара, цхьанхьара-м кхуза балха ваийтина, и кхузахь Ia xIapa пхи-ялх шо а долуш. Ингалсан мотт хьоьхучу шен хазачу зудчуьнца, цунах тера йолчу, шайн кхозлагIчу классехь йолчу жимачу йоIаца, пачхьалкхан хIусамехь шенна вехаш вара и, цхьаьнцца а, тIекIаре йоцург, чукаре леха ца гIерташ. Керимца а кхин хьалха къамеле ваьлла вацара иза, Райцентрехь вовшийн дуккхазза а гина хиларна, геннара корта таIабой, маршалла хаттар доцург. Керим а хIинца доцца: