Светлый фон

— Де дика хилда, — аьлла, кхин совнаха дош ца олуш, тIехьа хIоьттира цунна. Иза а, доцца жоп а делла, жимачу корехьа йуха а дIавирзира. Кериман тидам хилира иза схьавирзинчу секундехь цуьнан бIаьргаш тамаше гIийлачу аматехь хьежаран. Йа иштта хеттехь а, кхин ойла оцунна тIехь ца сацош дитира и Керима. Амма, жимчу корехула шега схьакховдийна кехат схьаоьцуш, цуьнан куьг дегор Керимна эрна ца хийтира. Гена ца волуш, сиха, йуьстах а ваьлла, дегочу куьйгаца Венкина кехат схьадостуш а, маса даржийна, тIетаьIна цо и доьшуш а, тидам хилира Кериман.

Керим, шен кехат дIа а тесна, корера вухаволлушехь, Венкин, ша лаьттачохь, шен кIайчу лекхачу хьажах хьацар тухуш, лестира, мокхачу басахь долу цуьнан кIеззиг тIедаьхкина бIаьргаш кхин а кхулуш.

— Хьуна вуо хили? — хаьттира Керима, хIумма а ца олуш, йуххехь латтар гIиллакхехь ца хетта.

— ХIума дац… Цхьа кIеззиг… ХIинцца дIадер ду… Баркалла!..

Цигара цхьаьний араваьлла и шиъ, йух-йуххе хIоьттина, вогlypa.

— Хьо а фронтовик ву?.. — элира Керима, мелла а къамеле вала лууш, вист ца хуьлуш вар бегIийла а ца хетта.

— Ван-м ву… Амма хIун башхо йу… йа шуна а, йа тхуна а хIинца!.. — эккхийтира Венкина. — Сан ваша, Роман, фронтехь а хилла, орденаш йаьхна а ву… ХIетте а, гой хьуна, хIинца… Москохахь цхьа кIира хьалха лаьцна аьлла, йаздо.

— Мича бахьнина, боху?

— Израиль-махкаца къайллаха уьйр лелош ву аьлла… Бакъ ма дац и!.. Тхан-м вац цхьанхьа а дозанал арахьа вевзаш стаг…

— Ткъа хIун оьшуш лаьцна те иза?

— Хьанна хаьа?.. Сталинан амал йу-кх ша шекваьлларш, цаьргара бахьана а далале, хьалххехь чубухкуш… Гой хьуна, и жуьгтийн пачхьалкх — Израиль — кхуллуш, цо дикка гIo динера, и шегахьа хир йу моьттуш… Ткъа иза, мелхо а, Америкехьа йели, вайна дуьхьал йоьрзуш… ХIинца Сталинна дагадеана хир ду-кх, вайн пачхьалкхехь мел болу жуьгтий а хIинца дуьйна къайлаха цаьргахьа озабезам беш хир бу аьлла… Гой хьуна, вайн газеташ тIехь хIинца долийнарг… Иза хазахета ма дац!.. Вайн жуьгташкара даьлла хIумма а доццушехь, цаьргара и далале аьлла, хьалххехь царна хIума тоха дагалаьцна-кх.

— Молла-Несарто шен газана санна! — элира Керима.

Венкин соцунгIа хилира, ца кхетта. Керима дийцира:

— Молла-Несарт хилла шен газанна йетташ. Лулахочо хаьттина: «ХIунда йетта ахь?». «Йажа дIалоллуш йу xIapa»… «ТIаккха?» «Цигахь ас йийна сан копуста а йу». «ТIаккха?»… «Цо и йуур ма йу»… «Ой, цо и йаан а йаале, ма йетта ахь цунна?!»… «Хьалххехь йетта-кх… Кхано тIаьхьа хир ма ду»…

Венкин велавелира:

— Дера, тера-м ду!.. Дерриге дуьненан суьдан Iилманехь ду: хетарехь цхьа а стаг бехке цавар, цуьнан болу бехк билгало йоллуш гучубаллалц. Ткъа Сталин шекваьллехь а — и тоьуш ду-кх. Цо ша шекваьлларш хIаллакбийр бу-кх, хьуна, ца кхоош, хьалххехь, церан бехке а ца хьоьжуш… Пачхьалкхан дуьхьа а доцуш… шен синпаргIатонан дуьхьа!.. — тIетуьйхира Венкина. Керим шен даг чохь мелла а цкъа цецвелира иза цу тайпана луьра къамелаш шеца майрра дан вахьарх; йуха дагатесира: «Делахь а ший а тхойшиъ ши фронтовик а ву, хIинца цхьана хьолехь а ву»…