Светлый фон

* * *

Цул тIаьхьа цхьа бутт а белира. Кериман, Венкинан цхьаьнакхетарш, къамелаш тIеттIа совдуьйдуш догIура. Венкин хьекъална кIорггера а, дуккха а хууш а, дуьненан йоккхачу политикех кхуьуш а стаг хиллера.

И ца гуш ши кIира а сов даьлла, иза волчухьа вогIура Керим. Лахарчу этаж тIехь йолчу шен хIусаман корашна хьалхахула Венкин гIийла дIасалелаш, тIекхечира Керим.

Маршаллаш хаьттира.

— Хьо ма таьIна ву?..

— Со вичхьана а ас ца дина боьху гIуллакх дина вогIу со хIинца… — лаьтта бIаьра хьоьжура Венкин.

— ХIун хилла? — цуьнан пхьарс схьалецира Керима. Венкинан бIаьргаш, ша лийр вуй хууш цомгуш волчу стегачух тера, суй байна дара. Аз а къорра декара.

— ХIинцца къайлаха йинчу суьдехь, бехк а боцчу веа стагана бIе шо хан а тоьхна, вогIу-кх со! — шен гIийла бIаьргаш Керимехьа хьалахьажийра цо: «Хьажал, мел боьха стаг ву со», — бохучу кепехь…

— И муха ди ахьа? — Керим кIеззиг вухахилира.

— Ди — кх, суо… стаг воцу дела!

Керима ойлане элира:

— Дийцахьа! Са паргIатдаккхахьа!..

Венкинан мотт кIеззиг толкхалелхара:

— ДагадогIий хьуна, ас хьайга дийцина — Америко вайн махкахь динехь болчарна гIo дан тIелацар?..

— ТIаккха?

 

— Сталина уьш берриш церан агенташ лерина-кх хьалххехь, шен амалехь.

— ТIаккха?

— Уьш, цаьргара бахьана даларе а ца хьоьжуш, царна и бахьана хьалххехь шаьш тIе а кхуллуш, чубохка болийна хIинца… амма суьдехула кхиэл а йойтуш, иза нийсонан бакъонца даран куц хIоттош…

Керим ца кхийтира: