Тахана цхьа тамашийна цхьаьнакхетар хилла сан. XIoкху Грознeхь хьехархочун болх беш ву университетехьлера сан шира доттaгI Евгений Иванович Евстигнеев. Тхойшиннан цамгаран цхьа цIе йу – демократи. Амма охашимма и цамгар цхьатера ца токху. Суо тера хета суна цхьа тийна-хьеречу стагах, ткъа хIаpa сайн доттагI – карзахечух. Ойла ца йеш, даррехь хьалхагIерташ, и шен цамгар массаьрга а кхачо гIерта иза. Казанерчу университетера аракхоьссина иза, хIокху провинциальни гIала воьжна. Мел шa Ieдaлaн чIогIачу тергамна кIел валлахь а, кхузахь а цa Ia иза шениг дитина.
Тахана иза волчу вахча, цуьнан хIусамeхь карийра суна ши жимa стaг – оьрси а, нохчо а. Ах сахьт далале хиира суна оцу кхааннен ойланаш цхьаьнайогIий. ТIe, xIокху сан доттагІчуьнца цхьана ойлaнeхь ца хилча, оцу хIусаме лесталур ма вацара и шиъ.
Со чукхаьчча, сeцира оцу кхааннен къовсаме къамел. Амма сан доттагІчо цаьрга хаийтира со тешаме стаг хилар. ТІаккха тхо вовшийн довзийтира цо.
– ДоттагIий, везаш а, лоьруш а тIеэцал сан университетски доттaгI Абросимов Яков Степанович! – элира цо хьурмате. – ХIара, Яков Степанович, сан лулахо а, бартахо а Максимов Петр Данилович ву, ша юрист а волуш. Ткъа хIара къона нохчо тхан йукъара доттагI Овхьад ву.
Со чуваьлча, хьалагIеттина, ирахь лаьттачу элдара дегIахь, Iаьржачу аматахь, йуткъа йуьхь-марш йолчу къоначу нохчочо байн корта таIийра.
Тхо охьахевшича, Россерчу революционни а, ахархойн а боламах лаьцна соьга хеттарш дан вуьйлира Евгений Иванович. Амма цунах лаьцна суна кIезиг хаьийла хиъча, къамел хийцира цо.
– Хьоьца тIаьхьа пaргIатeхь дуьйцур ас, Яков Степанович. Овхьад вайн веза хьаша ву. Ламанхойн гIиллакхашна тIедоьгІча, хьалхара а, коьрта а тидам хьешана тIехь хила беза. ТIаккха, хьомсара Овхьад, хIокху карзахечу хенахь хьо мича гIуллакхо валийна гIала?
Къоначу нохчочо доцца, амма дерригенах а кхетош, дийцира Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах а, гIовттамхойн кхиамех а, галдевллачу гIуллакхеx а лаьцна, ТІаккха хаийтира шa Iaьлбаган уггар гергaрчу гIоьнчех цхьаъ хилар а, гIалахь гIо лаха аьлла, тIедиллина, цо ша схьахьажор а.
– Тхоьга муха гIо далур дара шуна? – xaьттира Евгений Ивановича.
– Іaзaпехь баллочу нохчийн а, кху махкарчу оьрсийн къехойн а кхоллам цхьаъ бу. Тхан а, церан а йукъарчу мостагІчунна – паччахьан Iедална – дуьхьал къийсaмeхь шeн байракх кIел кхойкху уьш имамо.
Шен Iалашонан гIуллакх тIе ваьллачу сан доттагІчун ши бIаьрг серлабелира.
– Iаламат дика веана! Оха, социалисташа-народникаша, даггара къoбaлбо шун гIаттам. Дашца а, гIуллакхца а цунна гIо дан кийча а ду тхо. Бакъду, тхан организаци хIинца цкъа жимо йу, ворxI cтaг бен вац. Халахета гIалахь белхалой кIезиг хилар, ткъа интеллигенци доьнaллa долуш а йац. Эскарехь боккха болх болийна оха. Тхоьца ойланаш йогIурш дуккха а бу салташна йукъахь. Йоккха, нуьцкъала организаци хир йу тхан кестта. Амма тахана а тхо кийча ду самодержавина дуьхьал муьлххачу а гIаттаман дакъалаца. Цундела, сан къона доттагI, тхо дерриг а гIевттинчу нохчашца цхьаьна хилар майрра имаме дIахоуьйтур ду-кх ахь…