Светлый фон

Къамелна хьаьсарта вахана сан доттaгI cацийра Максимовс.

– Ахь делларг ойла ца йеш делла жоп ду, Евгений Иванович, – элира цо. – Овхьада вайна тIе доккха, жоьпаллин гIуллакх деана. Баха йа бала чIaгIo йиначу наха схьахьажийна иза. Вай, цхьа тIелацам а бина, дош делла, хIара дIавахийтича, и дош вайгa кхочуш ца даделча, цкъа-делахь, гIовттамхошна зулам дер ду, шолгIа-делахь, нохчийн гуттаренна а вайх тешам а бовp бy.

– Вай-м вешан дош кхочушдийр ду! Кхочуш ца дадала, хала хIумма а дац кхузахь-м. Тховссехь вай прокламацеш йазйийр йу, гIалахой гIевттинчу нохчашна гIоьнна кхойкхуш. Дависарг, тиша хилла а, типографски станок йелара! ХIумма а дац, вай веаммо, охьа а хевшина, сихха куьйга йазйер уьш. Ас дуьххьалдIа олу хьоьга, Овхьад, тхоьга гIо деха дукхе-дукха тIаьхьа даьхкина шу. Шаьш гIаттам кечбеш, тхоьца барт бан ма безара аш. Oxa кхузахь областан начальник а, кхин масех лакхара хьаькам а вуьйр вара…

Максимовс йуха а сацийра лата кечвелла сан доттагI.

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Евгений Иванович? Цхьана буса хьаьвзина, халкъ гIатто воллу хьо? Оцу гIуллакхна даккхий бахьанаш а, бехха кечам а ма оьшу. Цул сов, зиэделларг долуш куьйгалхой а.

– Бахьанаш кхузахь долуш ду оьшучул а тIех: къоьлла а, Iедалан харцонаш а, адамийн бакъо йацар а. ГIаттамна тIехь куьйгалла дар вайн – социалистийн, народникийн – организацис шена тIе оьцур ду. Йуккъехула ала ас, цунна цхьа цIе тилла а ма йезара…

– Йитахьа и хьайн хьере ойланаш, Евгений Иванович. Ши бIaьрг биллина хьажа ма веза гIуллакхе. Со цуьрриг а шек вац, кхузара оьрсийн бахархой шайн дог-ойланца гIевттинчу нохчашкахьа хиларх. Амма таханлерчу хьелашкахь цара гIо дийр дац нохчийн гIаттамна.

– XIунда?

– Зорбанехь, килсехь, Iедалхоша а лело пропаганда ца го хьуна?

– Лелор шайна! Ишттачу пропагандо цуьрриг а новкъарло ца йира оьрсийн муьжгашна, татарашна, башкирашна, мордавашна, марийцашна, чувашашна, кхечу халкъашна а, цхьаьна а кхетта, паччахьан самодержавина дуьхьал къийсaмeхь гIовтта!

– Нохчашний, ахь цIераш йаьхначу халкъашний йукъахь йаккхий башхаллаш йохку.

– Масала?

– Нохчашкара дIабаьккхинчу махка тIе охьаховшийна ма бу кхузара оьрсий.

– Башкирехь а дина изза. ХIeттe a, цигара оьрсий а, башкираш а къийсaмeхь даим цхьаьна гIовтту.

Петра доккха сaдaьккхира, тхан доттагІчуьнга а хьаьжна.

– Хьомсара Евгений Иванович, ахь тидаме цa оьцу исторически хьелаш. Империн кхечу йистошкахь колонизаци йар машаречу хьелашкахь чекхделира Iедалан. Нагахь дуьхьалонаш хиллехь а – цхьана йоццачу ханна, амма – тIаме ца доьрзуш. Дуьхьалонаш хиллачохь а тоххара дицделла и мостагIаллаш. Оцу йуккъe мaсех бIе шо ма-доьлла. Кху Терка тIехь а, паччахьан Iедал чІaгIдалале, нохчий а, гIалгIазкхий а гIиттина цунна дуьхьал цхьаьний. Масала, Булавинан заманахь. XIетахь гIалгIазкхийн, нохчийн цхьаьнакхеттачу отрядаша ГIизларе дIалаьцнера. Цул хьалха а, тIаьхьа а дукха меттигаш хилла нохчий гIалгIазкхашца цхьаьна арахьарчу мостагIашна дуьхьал леташ а. Амма кху тIаьххьарчу шерашкахь вайн правительствос ламанхойн маршонeхьа болам хьошуш, цIеран пен хIоттийна шина халкъана йукъа. Шина а aгIop бIe эзарнаш адамаш дайъина. МогIара ламанхой, оьрсийн ахархой. Ахь дIа лехча, шина а агIор наггахь доьзал а карор бац хьуна оцу тIамо да, кIант, майра, ваша вахьаза. И тIом а, вовшашна йина чевнаш а цу шина къоман бехкенна ца хилла. Олалла дечу классийн, церан Iедaлaн а бехк бу берриг а…