Амма, суна хетарехь, вайн идеях герз дина гIатта а, халкъаш а, адамаш а маршонeхьа къийсамна цхьаьнатоха, уьш хьалха, толаме дига ницкъ кхочур берг а йеккъа цхьа пролетарийн класс йу. ХIeтталц кхиамза хир йу, аьлла хета, вайн дуьхьалонаш.
– ХIета, ахь дийцарехь, Петр, тахана вай – социалисташа-народникаша а, ахархоша а – латто къийсам эрна бу-кх?
– Ас ца аьлла иза. Маршoнeхьа къийсам а, цуьнан дуьхьа лайнарг а эрна довр дац. ХIор а гIаттамо, хIор а революцис, шаьш эшахь а, лестaйo, кегйо олалла дечу классийн гIортораш, кeрлачу къийсамашна Iамош, кечдо халкъаш.
ГІеттина Овхьад, ши куьг тIехьа а диллина, чухула дIасаволавелира. Максимовс дийцинарг керла дацара цунна. Оцу тIехь ойланаш ша а йинера цо. Максимовна хуъучул ца хаахь а, Марксан, Герценан, Чернышевскийн белхаш а бешна цо. Амма цунна догдилла ца лаьара хIокху гIалахойн гIоьнах.
– Делаxь, xIокху къийсaмeхь цхьа дуьcy-кx тxo…
– Ца дуьсу. Россерчу йерриг губернешкахь маршонeхьа къийсаман цIераш йу хьалалеташ!
– Ас-м кху агIор, боху.
– XIун дийр ду ткъа, Овхьад, иштта нисделла исторически хьелаш. Кху некъехь тхан аьтто нислац шуна а, тxайна а ма-ттов гIо дан. Областан администрацис хьалхе йаьккхина. Грознe a, Hoxчийчоь а дуккха барамехь эскарш оьзна. Цхьана агIор – гIалин къехой чIогIачу тергамна кIел латтабо, вукху агIор – гIалахошна а, гIалгIазкхашна а йукъахь пропаганда лелайо нохчашна дуьхьал. Оцу пропагандехь йоккха меттиг дIалоцу туркошца болчу тIамо. Цо боккха Iаткъам бина оьрсийн бахархойн кхетамна. Цкъа-делахь, шина а пачхьалкхан агIoнгахьара бакъонца бац хIара. Шина а правительствон Iалашо мехкаш дIалецар, кхин халкъаш лолле дерзор йу. Амма, вукху агIoр, паччахьан правительствон Iалашо мел догцIена йацахь а, хIокху тIамо гIо дийр ду Балканера къаьмнаш туркойн феодалийн Iазапна кIелхьара маьршадаха а, царна шайн йозуш йоцу пачхьалкхаш кхолла а. И хууш лета вайн салтий доггах. Ткъа вукху агIор, изза тIом нохчашна дуьхьал керла козар йу Iедална. Нохчий туркошна гIоьнна гIевттина, церан хьадалчаш бу бохуш, эладита леладо. Цунах тешарш а, цатешарш а хуьлу. Амма цатешачарна а лаац нохчашкахьа гIо даккха. Кхузара муьлхха а гIаттам туркошна гIо хуьлий хаьа. ХIара паччахь а, цуьнан Iедал а мел къиза делахь а, цхьана дийнахь а кхузахь туркой хила лаац. Султанан Iедал кхул а къиза, кхечу динах, къечу къомах хилaрна. Килсо а до шен гIуллакх. Шен делах а, килсах а ваьккхина, ша кхечу дине верзорна а ма кхоьру муьжги. ТIe, оццу туркойн гIоьнца нохчаша шаьш ца дайъахь а, кху махкара шаьш дIадахарна а кхоьру. Ишттачу дуккха а бахьанаша сецор бу кхузара бахархой шух дIакхетарх.