Овхьада, шен метта охьа а хиъна, куьйгаш стоьла тIе дехкира.
– Шуна ма хаьа, Петр Данилович, тхуна тxaьшна тIехь цхьаннен олалла ца дезийла, – элира цо меллаша. – Тхо оьрсийн паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьалдовлар оьрсийн халкъ цадезар, цуьнца мостагIалла хилар а ма дац. Даим санна, вайн йукъарчу маршонeхьа гIевттина тхо хIинца а.
– Тхуна и хууш ма ду, Овхьад.
– Шуна-м хаьа-кхий иза, Петр Данилович. И бакъдеpг хаа деза гIалахошна а, массо оьрсашна a. Тхуна хаьа Iедалхоша а, килсо а нохчашна дуьхьал лело акха пропаганда. Цунах тешна гIалахой гIалина гонах чIагIонаш йан боьлла. Со кхета, ахь дийцинчу бахьанашна гIалахойн аьтто бац, герз карахь гIевттина, тхан гIо лаца. Кху махкарчу оьрсийн бахархошка тхан халкъах бакъдерг дIакхетадейша. Дийцийша цаьрга тхоьгара къиза хьал, тхан a, церан а кхоллам а, сатийсамаш а, Iалашонаш а цхьаъ хилар. Нагахь гIала дIалаца тхан аьтто нислахь а, царна цхьа а тайпа кхерам цахилaрaх кхетабейша уьш. Тхо оьрсийн халкъана дуьхьал ца гIевттина, ткъа паччахьан Iедална дуьхьал гIевттина, оха машаречу бахархошца, зударшца, берашца, къеначаьрца ца бо тIом, ткъа паччахьан эскаршца бо.
ХIокху къоначу стаге а хьоьжуш, ойла йора ac: дависа, хIара санна, дешна, кхетам болуш масех бIe стаг велара оцу маршо йезачу къонахчу халкъан. ТIаккха ма гатте хир йара кхузахь паччахьан хьадалчашна!
– Ас йуха а боху шуьга, – дуьйцура Овхьада, – тхуна политически а, моральни а гIо дан ницкъ a, aьтто а бу шун. Бахархоша гIалина гонах йен чІaгIонаш совцор карательша Нохчийчохь дечу къизачу таIзаршна йоккха дуьхьало хир йара. Шуна ма хаьа, хьалха тIом болуш эзарнаш оьрсийн салтий а, эпсарш а цхьаьна нохчашкахьа бийлар. Хаьа, цхьа а тайпа шалхо йоцуш, уьш майра тхан маршонeхьа летар а, эгар а. Хаьа, нохчаша уьш мел чIогIа лорура а. Шена дина дика ца дицлучу тхан халкъо, ша дуьненахь мел ду, шeн дaг чохь ларбийр бу оьрсийн халкъан и сийлахь кIентий. ХIара тхан гIаттам болабеллачу йуьххьехь Герзель-гIопера кхоъ оьрсийн салти ведда тхан агIор. Цхьаъ вийна, шолгIаниг лаьцна, кхоалгIачун аьтто баьлла тхох схьакхета. ХIинца гIовттамхойн цхьана отряда тIехь куьйгалла деш ву иза. Майра, хьуьнаре командир! Оцу масало гойту таханлерчу оьрсийн салташна йукъахь дуккха а тxox доглозурш хилар. Салташка а хаийтийша, оха латто къийсам вайн йукъарчу маршонан дуьхьа, вайн йукъарчу Iазапдаллорхочунна дуьхьал хилар, тхайгахьа бевлларш оха, тхешан нанас бина вежарий, бIaьхаллин вeжaрий санна, беза тIеоьцург хилар.
Максимовн хьекъалечу дуьхьалоно сацийнера а хаац, йа Овхьадан довхачу къамело йийсаре лаьцнера а хаац, амма, мухха делахь а, цIий сиха сан доттaгI Евгений Иванович а леррина ладоьгIуш Iара.