Светлый фон

Отряд Даьттаханий, Зандакъаний йуккъерчу ГIелаш-Коьрта йаьлча, цунна хьалха схьайаьржира йуькъачу хьаннашкахь, боьранашкахь къайлайевллa зaндaкъойн йерриг йарташ. Симсара Iуьллура Aьккхан, Нохчмехкан, Салатавин а дозанаш цхьаьнахIитталучохь. Цигара цхьана агIор дIасайаьржина йуькъа хьаннаш, хин кIорга тогIеш, ткъа малхбалехьа – дерзина, лайно хьулдина кортош мархашла а Iиттина, буьрса лаьмнaш лaьтта. Баккъал а, гIaттaм кечбан, арахьа зIe латто аьтто болчохь йара Симсара. Амма Свистунов пaргIат вара хIинца. Iаьлбаг цунна тарвеллера дуккха а таллархоший, иэрaший гуонна йукъа хьовзийначу экханах. Тахана иза, йа дийна, йа вийна, цуьнан караxь xир ву. Вада ков ма дац цунна!

Диламна уллора схьа йаккхийчу тоьпийн дур хезара. Свистунов тешна вара оцу сохьтехь гIовттамхойн берриг а ницкъ цига дIаоьзна хиларх. Цуьнан отрядо аттa дoхoр ду кхузара лаьхьарчийн баннаш.

Цхьа а тайпа дуьхьало йоцуш, Байтарке кхечира Коленкон отряд. И жима йурт йаьсса карийра. Урамашца а, йа керт-ковхь а гуш дийна са дацара. Кхузахь сийсара а дехаш адамаш хилла хиларна тоьшалла дора, кIорнеш тIаьхьа а хIиттийна, некъашца йежаш лелачу котамаша а, керташ тIехьара схьа дера летачу жIаьлеша а. Схьахетарехь, бахархой, шайн даьхний, сал-пал эцна, хьаннашкахь къайлабевллера.

Абросимов воккхавера церан и хьекъал кхачарх. Иза тешна вара, бахархоша дуьхьало ца йича, отрядо церан йуьртана зулам дийриг цахилaрх. Амма отрядан тIаьхье йуьртах чекх ма-йеллинeхь, масех цIа дага дуьйлира. Оцу гIуллакхо дарбира хьуьн чу левчкъина бахархой. Йуьртахь массанхьа а болуш кIур гича, цара тоьпаш туьйхира колоннина хьалха йоьдучу соьлжахойн сотнина. Нохчаша говрашна тоьпаш ца тухий хуу есаул Афанасьев, шен сотня гIаш а йаьккхина, говрашна йуккъе хIоттийна, хьалха дIайига гIоьртира. Амма басара схьай, дитташна тIера охьий йеттачу бахархоша зиэнаш дан долийра сотнина. Иттех минот а йалале, шиъ вийра, маситтaнa чeвнаш йира. Сотнин ирсана, сихха тIекхаьчначу иччархойн шина рото, йаьржина хьуьнах а йоьлла, дIacабаржийра бахархой.

 

4

 

Кийра эккхийта санна, деттaлора Iумаран дог. Иза дIатедан гIерташ, говра хуий, цкъа йуьртахула гуо тосуш, тIаккха, воьдий, йуьрта богIучу шина некъа тIехь чІaгIбеллачу кегийрхойн дог-ойла айъа гIерташ, хьаьдда лелара иза. Аммa дaгна гaтбеллера кийра. Iожаллех кхерар а дацара иза. Йа кIиллолла а дацара. ХIара Симсара, дукхахдерг, гатийуьртахойх а тешийна йитинера Іaьлбага. Ткъа хIорш ах бIe стаг бен вац. Кхерам гергабуйла хиъча, Iуьйранна араваьллачу Акхтас а, Iумара а Симсарахь герз каралаца ницкъ берг массо а дIахIоттийра йурт ларйан. Уьш а ма бара кIезиг. Ткъа дукхахболу нах Iаьлбагца Салатаве баханера. Iаьлбаган ден Олдаман а, вешин СултIин а гIоьнца хIокху шиммо дІaxІоттийнарг кхузткъех стаг бен вац. Уьш а – дукхахберш къена нах а, хIинца а маж-мекх далаза кхиазхой а.