Светлый фон

Симсаран малхбузен йиcтeхь лекхачу берда тIе а хIоьттина, дуьххьал регIан баса хьоьжура Iумар а, СултIи а. Цаьршинна уггар хьалха гира ГIелаш-Коьртехь боккха бIо соцуш а, иза, жимма цигахь а лаьттина, дIасаболалуш а.

– Хьажахьа, хьажахьа, Iумар! – Чеччалхе пӀелг хьажийра тIевеанчу Марвана.

Iумарна гира беха могIа бина Чеччалхе богIу салтий.

– СхьабогIуш бу-кх уьш! – мохь белира СултIин.

– Же, Акхте хаамбе!

Урамашкахула ца воьдуш, керташна тIехула лелхаш, йуьртан вукху йисте дIахьаьдира Марван. Iумара тергалбoрa салтий. Чеччалхе чу а боьлла, цигахь ца совцуш, охьабогIура уьш. Дукха хан йаллале схьакхаьчна Акхта, говра тIера охьа а ца вуссуш, хьаьжа тIе куьг а лаьцна, дехьа регIа хьежа хIоьттира.

– Зандакъара охьа гучубевлла! – йуха а мохь белира СултIин.

– Хьалха богIуш дошлой бу!

– ДІога тIаьхьайалош йаккхий тоьпаш а го.

– Шиний агIор тIебогIy!

Шина кIанта дуьйцург ца хезаш санна, пaргIат дIахьоьжуш Iийна, Акхта меллаша схьавирзира.

– Вайна тIедогIуш доккха эскар ду, – элира цо. – Диламехьа доьдуш хила а мега иза. Нагахь иза цига гIахь, хьаннашкахь цунна тIелата дезар ду вайн. Цхьадерг мукъане кхузахь сацо. Вай и ца дахь, вуон хир ду Iаьлбаган гIуллакх. Ткъа и эскар дерриг схьадагIахь, цо, хьаьшна, вичІa a дoхур ду вай. ХІокху агIор йуьрта бахкалур бац уьш. Цундела берриг ницкъ аьтту агIоне берзо беза.

Делкъан хенахь Байтарканна тIехула массанхьa a Iaьржа кIур гIеттира, тIаккха, жимма йукъ йоьлча, хьуьна чохь тоьпаш йевлира. Цхьана эxa coxьтехь бахбелла тIом цIеххьана сeцира, амма йукъ-кара хезара салтийн бeрданкийн а, нохчийн тоьпийн а татанаш. Дукха хан йалале, уьдуш, охьачуьрчу тогIех сехьавелира ткъех стаг.

– БогIуш бу! Дена неIалт хилaрш, богIуш бу! – маьхьарий девлира церан, йуьрта хьалабевлча. – Хьесап дина ца валлал дукха бу!

– Го тхуна, – човхийра уьш Акхтас. – Маьхьарий стенна хьоькху аш?

Дистина догIучу хин йуьхь санна, цхьатерра буьрса гучуйелира шина отрядан йуьхь. Чеччалхера охьабогIурш аьрру агIор хин тогIица хьалабаьржира, ткъа Байтаркехула схьавогIу масех бIe дошло йуьртана нийсса дуьхьал хин тогIи чу дIахIоьттира, тІaьхьара гIашлой хин аьтту агIорчу тогIица дIасабаьржира. ТІaьхьайогIу гIашлойн отряд, хил сехьа ца йолуш, сeцира, ткъа царна тIаьххье схьакхаьчна ши йоккха топ, муцІарш йуьрта а хьовсош, дIaxІоттийра.

– Шиний агIор кIел баьхкинчарна тIетоха вай? – xaьттира Акхте сакIамделлачу Iумара.

– Мегар дац, – корта ластийра вукхо. – Генахь ма бу уьш.

Дуьхьал гу тIехь лаьттачу шина йоккхачу тоьпо цхьатерра кIур тесира. Хьаннашца, лаьмнашца декна, генахь дIатийра церан къора тата. IумаргIарна тIехула, шок йетташ бахана ши хIоъ йуьрта йуккъexь иккхира. Дарделла летачу а, кхераделла цIийзачу а жIаьлийн гIовгIанаша цIеxxьана дуьзира хIаваъ. Йуьрта керл-керла хIoъ масазза кхиэта, хьерадуьйлура церан летар. Цхьаццанхьа цIенойх а, докъарийн paьгIнex а цIераш летира. Гена йоццуш цхьа говр, дог Iадош, тарса а тeрcина, цIеххьана дIатийра. Амма адамийн мохь ца хезара цхьаннахьара а. Эха сохьтехь йаккхий тоьпаш а йиттина, йуьртана тIелатар долийра аьтту агIор тогIица баьржинчу салташа. Йуьрта тIе богIучу коьртачу новкъа хьала, кортош тIехула тарраш хьийзош, тIехахкабелира хил дехьа севцна дошлой а.