Эвлал араваьлча, шен белшаш тIера погонаш дагайаьхкира цунна. Хьанна хаьа, хIара ца вевзаш, йа безам бацарна, цхьамма кIелонгара схьа топ тоьхна, вожавахь а. ГIаттам хьошучарна йукъахь дукха ламанхойн милцой а, эпсарш а ма бу. Ткъа хIокху тIаьххьарчаьрга халкъан цабезам алсам бу салташкачул. Белшаш тIера ийзош схьайаьхна погонаш цкъа бердах чу кхийса ойла хилира цуьнан. Цкъа а йуха уьш тIе ца йохка. ТІаккха а ойла хьаьвзира. Хьанна хаьа, деца дерг машаре дерзахь а. Йа, цуьнца висахь, хIорш оьшуш меттиг нисйала а там а бу.
Схьайаьхна погонаш кисана а йоьхкина, говр йоргIахь хьалхахийцира Дадас.
Лома тIе ваьлча, гIашлойн гoтта некъ тIулган басенца, лаьхьа санна, сетташ чубоьду. Генна кIоргеxь, детин аса санна, къиэга Шара-Орга. Ленаш тоьхначу бергаша цхьана эшaрeхь татанаш до тIулгаш тIехь. Говран когаша меттахдoху тIулгаш, гIовгIанца бердан терхех дeтталуш, кхийсалуш, дIо кIоргеxь тата доцуш дов, бух боцчу дуьнен чу эгча санна. ЧIаж къардина маьхьаршца бердаца хьийзачу мерцхалдигаша19. Олхазарийн бес-бесара эшарш хеза тIехула а, бухахь а, хьаннашца а. Цхьанхьа оттйокх йека, вукхузхьа – хIуттут. ХенакIуро йетта вота а хеза. Ирахь бакъабеллачу попан цхьа долчу цхьана гена тIе а хиъна, даг чу сингаттам туьйсуш, йека къена хьаргIа. Ломан басеца шена ижу лоьхуш, сема бIaьрг бетташ, аьрзу хьийза хIаваэхь. Дахар кхехка хIокху лаьмнашца, хьаннашца. Къийсам бу дийнахь-бусий лаьтташ. Дахарехьа къийсам. Адамийн санна. Амма уггар къиза экха адам хета Дадина. Акхароша синкхетам боцуш до шаьш дийриг. Шайн гай йузо гIерташ, даха гIерташ. Шаьш дуьзча, Iадда a Ia йуха мацдаллалц. Ткъа адамаша вовшийн дойъу. Къиза. Тоьпаш йетта, ирхъухку, кескaш йeш, этIадо, мацаллица, хьогаллица дойъу, дагадо. ХIун дисина цара вовшашна тIехь данза?
3
Ойланаша дIалаьцна Іуммин Дада Шара-Орган чу воьссира. Кхузахь бeрдаш дIаса а хилла хIоьттинчу йоцачу тогIи чохь хи даьржинчохь гечо дара дехьаволуш. ХІокху ламанца болчу кIеззигчу наханий бен ца хаьа кхузахь иза дуйла. Хи тIе кхаьчча, говр а сацийна, хьала-охьий, дехьа бердей бIaьрг туьйхира Дадас. Даккхийчу чхернашна тIехула кхийсалуш, йуккъехула хьийзаш, цинцаш дeтташ, чопаш туьйсуш, гIергIаш охьаоьхура, дукха сирла хиларна, Iаьржа бос беттало Орга. Охьа а воьссина, багара гаьллаш дIа а йаьхна, урх нуьйра тIе а тесна, говр хи тIе хийцира Дадас. ТIаккха, хин йисте голаш тIe охьа а лахвелла, куьйгаш дилина, канаш чохь эцна хи бeтe дaьхьира. Сирлачу хи бухахь маьлхан зIaьнарш къегира. Хи дIа a Iанийна, аьрру куьйган цIаза-пIeлгах йоллучу дашочу чIагаре хьежа хIоьттира иза лeррина. ПIелгана гуонах хьийзош, масех гуо а баккхийтина, тIаккха, схьа а йаьккхина, чоин пхьуьйшах хьаькхна, къагийра цо иза. БIaьстeнaн йуьххьехь цуьнан деган йезаро Маьлхаша тешамна йеллера цунна и чIуг. Гурахь йогIур йу аьлла. XIетахь, масех денна отпуск йаьккхина, винчу йуьрта веанера Дада. Дукхахдерг, Маьлхаш гархьама. ЙoI церан лулахошка а кхайкхийтина, сатаса гергадаххалц цуьнца ирахь Iийра иза. Дадина цо чIуг йеллийла ца хаьара оцу буса цаьршинца чохь хиллачу Маьлхашан доттагІчунна Яхиний бен. Оцу буса дуьйна йолу хан йахйеллера Дадина. Денош дагардан вуьйлира. Самукъа ца долура Владикавказах а, Грознeх а. Диллина дIа дог лаьмнашкахь лаьттара. XIетахь дуьйна цуьнан деган кIоргеxь цхьа гушбоцу кхерам гIуьттура. Хаьара, шаьшшинна йуккъе цхьа бохам хIуттур буйла. Туркошца тIом болабелча, оцу тIе тидира цо шен кхерам. Ша цIахь висча, и кхерам шена тIехбаьлла а моьттира. Амма тIаьххье хIара гIаттам болабелира. ТIаккха а йисира догдохийлa. XIинца дас динчо иза, харцийна, тIекIелйаьккхи.