Светлый фон

И дерриг шера хаьа Іуммин Дадина. Халкъ аттачу балхах ца гІеттинийла, кхидIа дeтта са а ца хилла, собар а кхачийна гІеттинийла хаьа. Амма церан дуьхьало эрна йуйла а хаьара Дадина. Тахана а, кхана а къyьйсур ду цара, амма лама, хьаьшна, шайн цIела карчор бу. Иза-м йуьхьанца дуьйна а ма го Дадина. Стенна оьшу эрна цІий Іенор? ХІара Нохчийчоь паччахьан кога кІел йахана ма йаьлла. Оцу кІелхьара йер ма йац иза, мел йеттайаларх. Меттах массаза хьов, тІе ког теІош, ведйир йу…

Шара-Органна тIехь Iуммин отрядах летачаьрца вара Іуммин Дада. Цхьа взвод атаке а йигира цо. Ша а тапча йиттира гIовттамхошна йукъа. Гиний-те иза дена? ХIун дагадеана-те цунна, кIант шена дуьхьал леташ гича? Ма тамашийна зама йу хIара. Ши кIант дена дуьхьалваьлла. Герз а карахь…

Oцy ойланца Зумса чу вуьйлира Іуммин Дада. Амма Зумса йацара. Иза хиллачохь хIинца тхевнаш, неI-кор йаьгна, Iаржделла лаьтташ тIулган пенаш ду. Чим бинера докъарийн холaнeх а. Дагийнера pагIуш, божалш, гIотанаш. Цхьа а адам дац йуьртахь гуш. Деккъа цхьа меца жIaьлеш ду йаьгна ков-кeрташ Iaлашйеш.

Дадина геннара дуьйна го шайн цIeнoш. Цигахь цхьа а хьокха ца битина. Ирахь йоллушеxь йагийначу гIопaн мaсех у ду раздаьлла кхозуш. Говр диттах дIа а тесна, керта вахара иза. КІомсарш къажийна, делла Iуьллу церан ши жIaьла. Алун барз бу хIинца а кIур туьйсуш. Циггахь тIекIел а йоьттина, цIе тесна мотт-гIайбех, йийбарх. КIора хилла доьрчашна чуьрачу хьаьжкIex a.

Дадин кийра цIеран алу хьаьвза. ХIара чохь вина, бералла текхна, нанас хьистина бен бу бохийнарг. Цхьана Дадин бохийна ца Ia. Maceх эзарнаш бохийна. Эзарнаш адамаш хьаннашкахь буьйсанаш йохуш лела. Акхарой санна. Iедалхошна адамаш ца хета хIара ламанхой. Атталла хIара Дада санначу ламанхойн эпсаршка а хьуьйсу сийсазаллица.

Шен къомах жимма а дог лозург хаалахь, иза кхуссий йуьстахвохуьйту. Дех-ненах дог лаза а ца мега. Ша тIекхайкхича, адамех тера вист ца хили цуьнга командующи. ЖIаьла санна, чехийра хIара.

Цуьнан хІун бакъо йу иштта къамел дан? Дадин ворхІе да ваьхначу лаьмнашка а веана, йаппарш йан? Дадин къоман коча шайн Іедал Іитта? Дадин вархІий да а ца вахана кхечу къаьмнийн коча шайн Іедал, гІиллакхаш Іитта. Цхьа а стаг шен маршонах хадо. Цхьа а стаг сийсазван. Ткъа Дадин къомера мохк дІабаьккхина. Коча дукъ доьллина. ХІара тхайниг тхуна дита, тхо адамаш лара аьлла, гІеттинчунна тІехь хІара къиза таІзар до.

Дадин къамкъарге шад хIуьтту. Дарделла деттaло дог. Го йагийна ков-керт. Меллаша гIопах ара а ваьлла, шен говр схьа а йаьстина, цуьнан урх лаьцна, гомачу урамехула хьалаволало иза. Мичахь ву-те къена да? Шемал а вац гуш. Йуьртда волу иза мукъане а цхьанхьа хила ма везара…