Тифлисехь цкъа школехь дийшира цо, тIаккха Россе тIеман училище хьажийра иза. Цигара чекхваьлча, прапорщикан чин а делира цунна. Владикавказе эскaрeхь гIуллакх дан а вахийтира.
Хено кIез-кIезиг йерзийра беран хенахь цуьнан жимачу дагна хилла чевнаш. Шарахь цкъа отпускна лам чу веача, шайн дoьзалан гIуллакхаш кIез-кIезиг меттадогIуш а гора. Воккхахволу ваша, Шемал, йуьртда а хIоттийнера. Ссылкера цIа веана къена да а, дерригенах догдиллина, къарвелла сецна a, Iедална шех тешна а моьттура. Дада воккхавера и къаьхьа зама генна тIaьхьайисарх. XIинца малх хьоьжура церан хIусаме. Бакъду, тIаьхьа цуьнга деана ирс кхулура, халкъера Іазап гича. Амма иза ца ган гIертара Дада.
ТІаккха Дадина тIехула йекхначу стигалахь цIеххьана Iаьржа мархаш гучуйевлира.
Нохчмохк гIеттира.
XIун дер-те къеначу дас? Йуха а меттаxъxьоврий-те цуьнан даг чуьра карзахалла? Сацалурий-те иза, гIовттамхойх дIа ца кхеташ? Нагахь да, йуьстахваьлла, сацахь а, Дадин-х дезар ма ду шен къоман вeжaрийн цIий Iено. ХIун дер-те цо? Изa дaгaвeлира воккхахчу вешех, тIаккха ший а – къеначу дех. Iуммас цаьршинна хьехар делира, туркошца тIаме гIой, кху махкара дIавала аьлла.
Дадас xIетахь ойла ца йира ден дешнийн. Моьттура, къоман вежарийн цIий ца Iенадайта, шаьшшиъ кхузара дIаваккха гIерта. ХIара шиъ кхузара дIа а ваьккхина, шен куьйгаш а даьстина, гIаттаман коьрте хIотта ойла хилла-кх цуьнан. XIун башхо йу? Мичча махкахь хилча а, ши ваша Iедалан буйнара ма ца волура. И ца хаьара-те къеначу дена? Иза-м coнтa стaг а ма вацара…
Лаахь а, ца лаахь а, хIинца шен вежарех лета дезара цуьнан. Мухха а летта ца Iаш, салтел а, эпсарел а доггах. Iедална шайн доьзалан муьтIахьалла гайта. Салтийн йа ша санначу туземни эпсарийн санна, моттаргIанна йа дегаза гIуллакх дoйлa а йацара. Мятежникех дог лозуш ву аьлла, бехкевийр вара. Амма шайн маршонна гIевттина вежарий байъа а ца вуьтурa дaгo. Дог цa Iapa шен халкъехьа ца узуш. ТIe, Дадина шера хаьара шен халкъера къиза хьал…
Аьтто кхечу къаьмнашкахь а бацара, амма, нохчашца дуьстича, уьш йалсаманехь хетара. ХIокхаьргара берриг бохург санна дика мохк дIабаьккхинера. ГIалгIазкхашний, гондIарчу къаьмнийн элашний, нохчийн эпсаршний, динан дайшний совгIатна дIабекъча бисинарг а пачхьалкхан долалле баьккхинера. Кхузахь халкъана тIехь цхьа помещик вара – пачхьалкх. Кхузахь урхалла а дара шатайпа – тІеман. Округийн начальникаша пачхьалкхан цІарах дацадора халкъ. Налогаш йохуш, гІуданаш детташ, маьхза белхаш а бойтуш. ХІара халкъ кхеторан а, кхиоран а бала бацара цхьаннен а. Мелхо, ма-хуьллу бодане теІош. Нохчийчоь къарйина сацийначул тІаьхьа даьллачу хІокху берхІитта шарахь цхьа школа йу дерриг халкъана йиллинарг. Цига а молланийн, совдегарийн бераш бен дІа ца оьцу. ХІара халкъ кога кІел латтош, шена гІорторашна йалхой кечбан йиллина иза а.