Лехамах дог а диллина, прапорщик Умаев шена тIекхайкхира Лохвицкийс.
– Командующис хьайна тIедиллина декхар дицделлий хьуна? – xaьттира цо, кхин хьийзораш ца йеш.
– Ца дицделла, господин подполковник.
– Делахь, иза кхочушде. Ткъe диъ сахьт хан йу хьуна.
Дада кхийрина де тIекхечира. ХIокху тIаьххьарчу масех дийнахь са дилла меттиг байна лийлира иза. ХІокхул хала киртиг ца хетара цунна дахарехь шена тIехIотта. Йевзара ден буьрса амал a, цуьнан болатан къармазалла а. Эрна ма ду иза тIеверзо гIертар.
Дадин ойла, айъайелла, мархашца хьаьвзина, бераллин шерашка дIайахара. ГIенах санна, дагадогIура шен да Шемалан наиб хилар. ТІаккха паччахьан эскарш даьхкира Органца хьала. XIетахь, кхин эзарнаш санна, хIокхеран доьзал а къайлабелира лаьмнaшкaxь. Да а шен эскарца Басса тIехь леташ ву, бохура. Иза-м вуьшта а кIезиг гора доьзална. Виллина дIа тIамехь. Масех баттахь лаьмнашкахь лечкъаш лийлира хIокхеран доьзал. ТIаккха хIорш болчу веара да. Верриг тIелхигваьлла, корта а, маж а йаьлла, чевнаша верина.
– Нохчийчоь йоьжна, – элира цо. – Имам ведда шайн лаьмнашка дIаваха. Доцца аьлча, дерриг дIадаьлла.
Цул тIаьхьа шо гергга зама тийна, чувоьлла йаьккхира дас. Кхайкхича, Шуьйтан гIопе полковникна тIе а воьдура. Цигахь а, нахана йукъахь а ша Iедална муьтIахь ву а моттуьйтура. Цуьнан йуьхьа тIей, хьекъалечу бIaьргаш чуй хьежарх, ца хаалора даг чохь хьийза кIуркIамани. И санна, къарвелла, Iедална муьтIахь хилла сецна кеп хIоттийна Iачу Атин Атабис а, хIокхо а, сих-сиха къайлах цхьаьнакхетий, вовшашка хIун дуьйцу ца хаьара цхьанне а. Ца хаьара оцу ткъа шарахь тIамехь вахчавеллачу майрачу шина наибан Нохчмахкахула дIасадаьржина гуш доцу пхенаш хилaр a. Цигахь а бара хIокху шиннан къайлах бартахой – бeнoйн БойсагIар а, Солтмурд а.
ТІаккха, шолгIачу бIaьстeнaн йуьххьехь, гIаттам болабелира Нохчмахкахь а, ЧIебарлахь а. ТІaьхьа воккхахилча, хиира Дадина адам хIунда гIеттина. Гуьйранна хьаьшна дIабаьккхира хIетахьлера гIаттам. Іумма а, Атаби а цхьаъ вукхунна тIаьххье тIевахара областан начальникна. Ша тIевахале, цкъа хьалха шен доьзал Гуьржех дIахьажийра дас. Доьзална таІзар ца дан областан начальника дош делчий бен, ца дийцира цо иза болу меттиг.
Да ссылке хьажийра. Амма ша делла дош дохийра инарло Евдокимовс. Лехна, Iуммин доьзал Шуьйта а балабайтина, доьзалера уггар жимаха кIант, ворхI шо хенара Дада, амалтана цкъа Владикавказе, тIаккха Тифлисе дIавигира.
Дада кхетара цхьадолчех. ХІокху кeрлачу Iедало лам чу Iазап деана хиларх а. Шен дай, Iедаллий цкъа а вовшашца машар хир боцу ши мостагI хилaрх а. Да эшарх а, Iедал толарх а. Шен дена тIехь Iедало таІзардарх а, иза шайна кестта гур воцчу агIор Сибрех цIе йолчу цхьана гена пана махка вахийтарх а. Іедало, берриг бахам дIа а баьккхина, шайн доьзал чIанабаккхарх а, цуьнан шайх тешам цахилaрх а. Жима ша, цхьана гIуданна махках а вaьккхина, вуьгуш хилaрх а.