Светлый фон

– XIунда?

– Кхузахь гIаттам бу аьлла, хезна.

– Уьш мичахь бу?

– Басса тIерачу йарташкахь гIовттамхойх дIакхетта царах дикка. Амма цигахь бисинарш дукхе-дукха майра лиэта, боxу, туркойх. Дикка нахана чинаш, орденаш, мидалш а йеллачух тера ду.

– Дависа, оцу тIамехь волу ворх бIe нохчо тахана вайца велахьара! – элира Iаьлбага сатийсаме.

Овхьад дикка Iийра жоп ца луш.

– Хаац. Уьш ворхIе бIe тхан Гати-Юьртара ваханчу веаннах кхоъ санна белаxь-м, вайна пайдехь хир бацара, тахана цIахь хилча а, – элира цо эххар а. – ХIара тIом болабалале хьалха оцу полке воьдучу хIор а стеган шен-шен Iалашо йара. Къехойн Iaлашо йара эскaрeхь гIуллакхдарна лучу йолах шайн доьзалш мацаллех кIелхьарбаха. Ткъа хьолахойн кхин Іалашонаш йара. Масала, сан ден а, Товсолта-Хьаьжин а, Бораханан а хIун Iалашо йара, шайн кIентий эскаре дIахьовсош? Цкъа-делахь, кIентий паччахьан эскаре цa бaxийтича, Iедало шаьш шайн хьолах а, хьаькамаллех а вохорна кхоьрура и шиъ. ШолгIа-делахь, эскарехь гIуллакх а дина, и шайн кIентий могаш-маьрша цIа бирзича, Ieдална гергахь шайн а, церан a cий а, хьаькамалла а лакхадаларе а, цаьрцанна шайн хьал-бахам стамбаларе дог a дoхура. Доцца аьлча, Iаьлбаг, хIара Iедал хьолахойн Iедал ма ду. Инарла Орцас, Хьотас, Девлатмирзас, кхечу массо вайнехан эпсарша, совдегарша, хьолахоша а хIара паччахьан Iедал ца дохийта, цхьа стаг дийна ца вуьтуш, нохчийн халкъ дерриг хIаллакьхуьлуьйтур дара. Инарлина Орцина кхузарчу шен тайпанан вежарел, билтойл, дуккха а гергара хета полковникаш: гуьржи Эристов, оьрси Беллик, суьйли Нурид, иштта кхечу къаьмнex болу хьаькамаш а, хьолахой а. Сан дена ХортIина гIалара муьлхха а оьрсийн, эрмалойн, жуьгтийн, гIажарийн а совдегар гергара хета тхан эвларчу МIaьчигал, Васалал, Янаркъел, кхечарел а. Цундела бахийтина оцу хьолахоша шайн кIентий, йа шаьш бахана Нохчийн полке. Тахана, ши мостагI хилла, вовшахлета оьрсийн, туркойн паччахьаш. Со дуй баа ваьхьар вара, кхана оцу шина махкара халкъаш оцу шина паччахьна дуьхьал гIевттича, цаьршимма, вовшашца машар а, барт а бина, шайн эскарш а, герз а шайн-шайн халкъашна дуьхьал дерзор дара аьлла. ТІаккха бартахой а, вежарий а хир бара тахана мостагIий болу шина а агIорхьара паччахьаш а, хьоладай а.

ТІaьхь-тIаьхьарниш тIе а кхиъна, наха ладоьгIура Овхьаде.

– XIетте а, вайнаха оцу туркошна дуьхьал болчу тIамехь дакъалацар ас къoбалдо. И туркой вайца цхьана динeхь белахь a, xIетте а, уьш тола лаац вайна. XIунда? Цкъа-делахь, дин бен, цаьрца цхьа а тайпа йукъара хIума дац вайн. Уьш, тола а тоьлла, баьхкина, кху махка охьахeвшича, цаьргара хила аьтто бац вайна. Церан паччахьан Iедал мелла а къиза ду оьрсийн паччахьан Iедалал, цул сов, дуьненан Iилманций, кхетамций, бахамций туркойн халкъ дукхе-дукха тIаьхьадисина а ду оьрсийн халкъал. Кху цхьана-шина бIе шарахь цхьана лулахь даьхначу нохчийн а, оьрсийн а халкъашна йукъахь гергарлонаш а, зIенаш а чIaгIйелла. Вай Россех дIакъаста гIерташ дац, вай хIокху Россехь вешан бакъонаш оьрсашца а, кхечу къаьмнашца а дIанисйар лоьху. Бохамeхь чIaгIло, дахчало адамийн а, халкъийн а доттагIалла, вошалла. Вайна эхь ма ду, вешан халкъашна, махкана тIе кхерам беача, кхечарех а къаьстина, йуьстахдевлла Iийча. Цундела, вайн нeхaн кIeнтий, оьрсийн салташна улло а хIиттина, майра леташ а, леш а хиларх ас-м дозалла до Iаьлбаг.