Светлый фон

Хаси-Юьртарчу отрядо Яьссиций, Ямсуций хьала операци йолийнера. Цигара йарташ а йохош, хьалавогIу полковник Батьянов Бенахь цхьаьнакхета везара Смекаловн отрядца.

Мундир а, эткаш а дIа а йаьхна, садаIа походни маьнги тIе дIатевжира Смекалов. ГІоьнна бIaьхаллин дакъош догIуш-м дика дара. Амма командующина ма-моьтту аттачех дац кхузара хьелаш. Батьянов шозза гIоьртина Нохчмахка вола. Шоззе а иза йухаваьккхира Тозуркъас гIовттийначу Яьссиций, Ямсуций йолчу йарташа…

Смекаловна халла озийна наб йайъира араxь йевллачу гIовгIанаша.

– Мича гIерта хьо? Цуьнан локхалла садаIа охьавижина ца боху хьоьга?

Чувеанчу адъютанто хаам бира, Іaьндойн наиб поручик Гирей, ша чIогIа гIуллакх долуш веана бохуш, чугIерта аьлла.

– Схьачуваийта.

Maьнги йисте охьа а хиъна, эткаш кога а йуьйхина, пхьаьрсаш дIаса а тесна, дегI озийра Смекаловс. ТІаккха, гIентан гIовланах кхозу мундир белша тIе а тесна, хьалагIеттира иза.

Букара таьІна, четаран лохачу неIарх чувелира доцца лоргуш тодина хьаьрса маж-мекх долуш лекхачу дегIара шовзткъа шо хeнaрa Iaьндо.

– XIун оьшу хьуна? – xaьттира Смекаловс, хьаьжайукъ а хабийна.

– Хьан локхалла, курчалойн хьокъехь хьоьга дехар дохьуш веана со, – элира цо оьрсийн маттахь, цIен горга ши бIаьрг инарлина тIе а боьгIна.

– Схьадийцал.

Алексей Михайловича, охьа а хиъна, цигаьрка бага йоьллира.

– Хьан локхаллин приказца, хьакъ а долуш, Курчала йохо отряд йаxана. Церан тхьамданаша йукъарлонна ваийтина со.

– XIинца а боxийна бац аш и разбойникийн бен?

– ХIан-хIа, хьан локхалла. Цара де-буьйса хан йоьху ойла йан.

– Мичахь ву полковник Накашидзе?

– Цигахь ву иза, хьан локхалла. Куьрчалахь дуккха а гергара нах бу сан. Йурт ма йохайахьара аьлла, цара дехаре ваийтина со.

Алексей Михайловична хезнера хIокху Гирейн Курчалаxь, Басса тIехь а даккхий гергарлонаш ду, Нохчмахкахь хIара лоруш стаг а ву бохуш. Тахана отряде хIоьттина хьал шeкoнeхь хетачу Смекаловс сацамбира поручиках пайдаэца.

– Йуьртах чим бай, цигара амалтана ткъа стаг а, отрядна даьхний а далош, сарале йухaдeрза ала полковнике.

Поручик цхьана кога тIера вукхунна тIе вазвелира.