Толам базбеш, отрядна де-буьйса мукъа делира Смекаловс. XIор а салтичунна шишша порци къаьркъа а далийтира. Ткъа даа жижиг-м шортта ма дара. Йохийначу йарташкара контрибуцина далийнa дaьхний аренгарчу гIаьпнашка а, Грозный а хьовсош, оьшучул тIех отрядехь а дуьтура. Кхачанийн сурсатийн а йацара къоьлла. ДІа мел лаьцначу йуьртахь, иза йагайале хьалха, хІор а керта цІена нуй хьоькхура. Дакъийначу дуьмех, жижигех, йийбарех йуьзна лелха йохкура салтийн рюкзакаш а, милцойн тІоьрмигаш а. ТІом чекхбаьлча, даим а дийнна базар хІуттура хІонс йухкуш, хуьйцуш а. Оцу базаршкахь дакъалоцура лахарчу эпсарша а. Шайна тешаме болчу салташкахула. Амма баккъал а йохка-эцар йолалора отряд гІопе йухайирзича. Талийна хІонс дІайухкура бахархошна а, спекулянташна а.
ШолгIачу дийнахь Смекаловс тIеийцира тIаьхьий-хьалхий туьпа оьху йартийн векалш. Уггар хьалха баьхкира даьргIахойн, белгIaтoйн a тхьамданаш. Даим санна, майрра. СовгIаташка йа инарлин баркалле догдохуш. Баьхкинчу цІонтаройн тхьамданаша дуй биира Iедална муьтIахьаллина. Тезакхаьллой, ножахой а гучу ца бовлура. Къинхетам беха баьхкира курчалой а. Амма цара сацамболлуш дуьхьало йира амалтана наx бала.
– Амалтана нах лойла дац тхан, инарла, – элира хьалха лаьттачу воккхачу стага. – Ахь доьху даьхний а дац тхан, инарла. Тхоьгара гIело а, къоьлла а йу адам Iедална дуьхьал гIаттийнарг.
Смекаловс шена тIекхайкхира отрядийн начальникаш.
– Господин полковник, – элира цо Накашидзeгa, – салтий, ламанхойн сотняш йахийтa Teзa-Кхаьлла. Ши рота а, милицин дружина а Куьрчала хьажайе. Ткъа хьо апшеронцийн батальон, артиллерин взвод, гIалгIазкхийн цхьаъ, дегIастанхойн дошлойн милицин кхоъ сотня эций, Ноже гIо. Дерриг даьхний схьалахкий, йартех а, йалтех а чим бе.
Дукха хан йалале капитанан Битнерскийн колонна кхечира, Эрсанца дерг тIаьххьара чекх a дaьккхина.
Керла отряд схьакхаьчча, йерриг лагерь меттахъхьайра. MaьI-маьIIера хезара бехнaчу салтийн маьхьарий. Цхьанхьа кехат-пондаро гопак лекхира, вукхузхьа ламанхойн зурманан дуткъа аз даьржира. ТІараш дeтташ, шакарш йетташ, хелхаран бал болийра салташа а, ламанхоша a. Гуттар хьаьсарта баханчара, хьала а лоьцуш, герзаш кхyьйcура.
Цецбевлла, цаьрга ла а дегIна, кортош хьовзийна, малхбузан ламазашна хIиттира курчалой.
Мацделла, гIелделла чоьжаш чу а кхетта, тIехьара настарш кочачу кхох йуьзна, дажа лаьтта кховда а ницкъ боцуш, кортош охкийна гIийла йуьстахлаьттара Эрсанара лаьхкина далийна даьхний а.
3
Отряд гIовттамхойн лорах новкъа йалале, кхаъ беара Смекаловна. Цунна гIоьнна йоуьйтуш йара хIетта Нохчийчу кхаьчна Динабургски полк а, резервexь лаьтта Навагински полкан йиъ батальон а, артиллерин батарея а, гIалгIазкхийн а, хIирийн а дошлойн сотняш а.