ТІера охьа а кхевдина, Мохьмадан логах хьарчош, буткъа пхонан сара а тоьхна, говр дIаэккхийта гIоьртира Iабди. Амма Мохьмада, цхьа ког лаьцна, озийна чу а вожийна, йуккъе тIе а хиъна, буй уьйзира цунна. Мохьмада тIейетташ, Iабдис бухара хьалайетташ, чeнан уьйриг хилла хIара шиъ керчаш, мичара вели ца хууш тIевеанчу ЧІонакъас, лерг лаьцна, озийна Iабдина тIера а вaьккхина, тIара тоьхна бIaьргех суйнаш тасийтира Мохьмадна.
ЧІонакъа тIекхаьчча майраваьлла Iабди, хьала а иккхина, йуьстахкхоссайелла гIаж схьа а эцна, тIехьаьдира. Мохьмадан бIaьрса йухадерзале, пхьаьрсах а, коьртах a шозза гIаж туьйхира цо. Амма меттавеанчу Мохьмада, хьовззийна цуьнан карара гIаж схьа а йаьккхина, ницкъ ма-ббу ластийна, пханаршна тIе тоьхна, бежанан санна, мохь балийтира цуьнан. Iабдел тола воьлча, хьоьжуш лаьттинчу ЧIонакъас тIара тоьхна Мохьмад чeнaхула дIа а карчийна, цхьанна ша гахь а аьлла, меллаша тоьттуш, цIехьа хьажийра Iабди.
Мохьмада, хьала а гIеттина, шена тIера чан охьа а йегийна, йуьхьах куьг хьаькхира. Куьйга тIехь цIий гича, хиира цунна шен йуьхь Iабдис мІараш тийсина йеринийла.
– Собарде аxь, зуд, со кхечахьа тIекхочур ву хьуна! – тIaьхьа мохь туьйхира цо Iабдина. – Ас йийр йу хьан болх!
– ДIадала, къутIа! – тIеволaвeлира ЧIонакъа, тIара тоха куьг а айбина.
ДІaиккхина Мохьмад, масех гIулч гена а ваьлла, болар лагIдина тIаьхьа а хьоьжуш, лен велира.
– ХортIин цІоганах мотт хьоькху зуд! – мохь туьйхира цо ша ЧІонакъа тIе ца кхоче ваьлча. – Собарде аш, салтийн лайш! Уьш дIабахийта аш, оха кIур бойъур бу шун!
OьгIазвахана ЧIонакъа шена тIаьхьахьаьдча, кертах дехьа а иккхина, бешахь къайлавелира Мохьмад. Ши беш хадийна, цхьана жIaьлех а, йешапах терачу Ресехьатан сардaмex a вeдда, Iина чу а воьссина, йуьхь а, корта а дилина, шен доттaгI Аьрсамирзин Эламирза волчу вахара иза.
УьйтIарчу туьрка кIел цхьа пхьола-м деш карийра цунна доттaгI. Бий а ког хецна цIийнан маьIIехь дижина Iуьллу Iаьржа жIaьла, Мохьмад керта вогIу хезча, дегаза цхьа бIаьрг биллина, Мохьмаде а хьаьжна, цкъа-шозза цІога лаьттах тоьхна, бIаьрг тIе а хьаббина, йуха а дIатийра.
Дечиган мукъ бахкабелла, эчиган меженаш мекхаша йиъна шалго тапча хьейеш воллура Эламирза.
– Хьо хIун деш ву? – улло охьахиира Мохьмад.
– Тапча тойеш.
Мохьмада мерах шок туьйхира.
– Тапча хир йац цунах.
– XIунда?
– Ца го хьуна? Мекхаша йиъна, Іyьргаш дийлла.
– Мегар йу суна.
– Сан диканиг йу цІахь.
Эламирза цaтeшaш схьавирзира.
– Пуьташ?