Светлый фон

– Эцна, – элира Солтхана.

– Хьаьнгара? XIун делла?

– ХIара пхьарс белла, паччахьера эцна.

OьгIазваханчу Батьяновн йуьхьах цIе летира.

– Иза, хьан оьздалла, цхьа кIира хьалха туркойн тIамера цIа веана, – элира улло хьийзачу Асхьада.

– ХIета, турпалхо ву-кх, – кIадвелира полковник. – Муха ду хьан дахар?

– Вуон дац.

– Iедална гIуллакх дан лаьий хьуна? Вало, даго деза цIенош гайта салташна.

Солтха кIоршаме хьаьжира цуьнга.

– Хьуна хьалха лаьттачара гойтур ду. Ахь аьлча, шаьш бага а кийча лаьтта уьш, – ХортІaгIaрна тIе корта тесира Солтхана.

– Хьайна луъург де. Со-м хьуна мах балийта воллура.

– Баркалла, господин полковник. XIумма а цa оьшуш, дика веха со.

Шен эпсаршца дIавахара Батьянов. Даго деза цIенош гайта Пруссаковна улло лилхира ХортIагIар.

Дошлой, говрашка йоргIа эцийтинa, регIа бахара. Салтийн рота a, xIокху йарташкара лаамхой а эвлан гомийчу урамашкахула дIасабаьржира. Хьалха чубоьлхий, цкъа цIенош толлура цара. КIелхьарйаха ца кхиийна йийбарш кертал аракхуьйсура. Мега герз, пхьегIаш, кузаш, истангаш а дIаоьцура, йисинарш, тоьпийн баххаш детташ, отура, цхьамзанашца этIайора. ТIаккха цIе тосура цIенойх. ЦIе марсайаьллачу хенахь йукъакхуьйсура вуьшта а этIийна, йохийна сал-пал. Догура цIенош, йалтадухкургаш, божалш, доьрчий, докъаран холанаш а.

Цхьа сахьт далале, йуьртана тIехула кIуьран Iаьржа марха хIоьттира. Сетташ, керчаш, хьерчаш, хьалаоьхура цIеран меттанаш. ХIаваэхь хьийзара йогучу алан, гIодамийн хелагаш а, лоьдгаш а. Iадийна маьхьарий хьоькхура зударша, бераша, цIахь дитинчу эсаша. Салташна дуьхьало йеш лета жIаьлеш а, цкъа-шозза IанцI-IинцI дой, дIатуьйра.

Солтха меллаша цIехьа волавелира. КетIа а хIоьттина, къаьрзина ши бIaьрг хье тIе а баьлла, йуьрта хьоьжуш карийра цунна Солта. ТІe а вахана, кIентан белша тIе куьг диллира Солтхана.

– Гой хьуна? – xaьттира цо.

– Го…

– Варийлаxь, дика хьажалахь. ХIара де а ма дицде, хьо велла дIаваллалц…