– Герзаш гергахьо дийла ма доьлла, Васал.
– Теккхачу кхаьчначух тера ду.
– Акхтега совцалур буй-те?
– Мичара! Цуьнца-м вац бIe стаг а.
Ши доттагI цхьана йукъана дIатийра. Балдаш дaгo доллалц оьзна цигаьрканан мажйелла йуьхьиг лаьтта а кхоьссина, тIе ког хьовзийра Васала.
– Meскaтaнa тIeхула кIур баьлла.
– Йаго йолийна-те?
– Вайша хIун до?
– ЦIахь Ia-кх.
– Iайшат?
– PeгIa хьажийна. Тхешан мотт-гIайба лаьттах а йоьллина.
– Ас а дина изза.
Бешахь хьаштагIна тIеххьа аьрша деакIoвн ор дара МІaьчигa дaьккхина. Латта, кIел агIop Iин чу дIатийсинера цо. Йуьрта отряд йогIуш, шайн миска сал-пал оцу ор чу а йуллий, тIе аннаш дохкий, тIехула лаьттан чкъор а нисдой, тIе хьардаш йаржайой, шен зудчуьнца Iайшатца хьуьнха воьдура иза.
– Йуьртахь виса кхераме дуй-те?
– Къанвелла вайша хьавийр хир вац.
– Вайшиннан кIентий ма бу Iaьлбагца.
– Вайшах ваций цуьнца…
– Схьа а лаьцна, хьийзор ву. HeI xьеллац, йетташ. Суна дика ма бевза эпсарш, – элира Васала.
XIинца тIом Гати-Юьрта улло кхочуш боллура. Жимма Iийча, лаха кешнашна уллохь гучубевлира дошлой. Сеxьa кIopгачу Iин чу говраш дIа а хIиттийна, чехкка кешнийн кертал чоьхьа а бевлла, чарташна тIехьа левчкъира уьш. Оцу лакхенгара дIа царна хьалха ши-кхо чаккхарма шера майда Iуьллура.
– Суна-м, Васал, ведда лела кIорда ма дина.