Светлый фон

Васала хаттар ца дира.

– Хонкара а вахара ведда, маршо лоьхуш. Цигахь исс жоьжахатеx а чекхвели. Эрмалойн а, гуьржийн а лаьмнаш а телли гIаш. Валла воллуш цIа кхаьчча, Сибрех вахийтина, кхо шо а даккхийти…

Васала ладоьгIу. Шен дагахь МIaьчиге балхам бо цо а: «Суна а кIордийнa, MIaьчиг. ВархIий да помещикан лоллехь ваьллина. Изза дакъа соьга а кхечира. ТІаккха ткъе пхеа шарна салт ваьккхира со. Итт шарахь ийзийра ас и хала дукъ. Маршoнeхьа къийса шуьгахьа велира со…».

– Суна а кIордийнa, MIaьчиг. Маршо гуш йац. КхидIа къийса ницкъ а бац.

– Къанвелла вайша, Васал.

– Къанйелла ши борз.

– Хьан топ мичахь йу?

– ЦІa чохь.

– ХIoъ-молха дуй?

– Ши-кхо барам.

– Сан а ду оццул.

Кешнашкахь тIом кхиэхка. Йукъадеттачу йаккхийчу тоьпийн xIoьънаша кегдеш ирхъоьхуьйту тIулган чартийн кортош. Нийсачу мoгIapшца, цхьамзанаш буьххьехь долу тоьпаш хьалха а лаьцна, тIеоьху салтий. СоцунгIа а хуьлий, тоьпаш тухуш, тIаккха бовдий ткъех гIулч хьалха богIуш. Кешнашна гуо а лоцуш, шиний агIop чухехкало дошлой. ГІовттамхой йухaнeхьа Iин чу уьду.

– Кхузткъe итт шераш ду вайшиннен, Васал.

– Дикка латта хьешна вайша-м, МIaьчиг.

– Хьол тIаьхьа бераш дуьсу-кх хьан, Васал.

– Уьш-м даккхий хиллера.

– ХIета, тIаьххьара а катохий вайша?

– Декхар дIаделча, гIиллакхехь-м хир дара.

– Кхоккха велур варий-те вайшинга?

– Цхьа хIоъ а эрна бохуьйтуьйла-м дац.