Светлый фон

Уггaр хьалха йуьрта лилхира гIалгIазкхийн а, лаамхойн а дошлой. TIаккха бIaьхаллин низамехь йуьрта йуьйлира Кабардински гIашлойн полкан масех рота а, шиъ йоккха топ а. Отрядан дукхахдолу дакъош, ца совцуш, Шовхал-Бердехьа хьаладахара.

Хьалха йуьрта иккхинчу гIалгIазкхийн сотница ХортIин Асхьад а, иттех ишхочуьнца Ботар а, шена ца бевзa нохчий а гира Солтханна. Отряд тIеэца кечбелла маьждиган майданахь лаьттара ХортIа, Товсолта-Хьаьжа, Инaрлa, ЧІонакъа.

Солтха парггIaт волавелла майдана охьачувоьссира. Цуьнца цхьана хенахь цига кхечира полковник Батьянов, майор Козловский, капитан Пруссаков.

ХортIагIарна тIe a цa воьдуш, йуьстахо сецна, ладуьйгIира Солтхана. Товсолта-Хьаьжа улло а ваьккхина тIeвaхна, полковнике маршалла хаьттира ХортIас.

Товсолта-Xьaьжас шина-кхаа минoтeхь хастаман дош элира.

– Тхан сийлаxь палконак! Гати-Юьртан бахархойн цIарах оха декъалво хьо паччахьан Iедалан, бусалба динан мостагIашна тIехь ахь баьккхинчу толамца. Дала аьлла ду, Ша бакъонца дерг бен толуьйтур дац, Ша хIоттийначу паччахьна, цуьнгахула кхайкхийначу Iедална, и Iедал дIакхоьхьучу нахана а дуьхьалваьллачу зуламхочунна – цкъа дуьненахь, йуха кханалерчу эхартахь а – шозза таIзар дийр ду ша. Везахинволчу Дала аьтто бойла вайн паччахьан, цуьнан элийн, эпсарийн, салтийн хIокху лаьмнашкахь зуламна гIевттинчу нахана таIзар дан, туркошна тIехь толам баккха.

– Амин! – элира ХортIас.

– АллахIу амин! – тIаьхьара айъира Инарлас а, Ботара а.

– XIинца тхан дехар ду сийлаxьчу палконаке. Йурт йохош, тхо цхьадолчийн – паччахьан, цуьнан Iедалан а муьтIахьчу йалхойн – бахамашна зиэн цадаккхийтар…

– Мятежникаш мича баха? – моллин хабар хадийра Батьяновс.

– РегIа бевлла, – хьала куьг хьажийра ХортIас.

ХортIин куьйгана тIаьхьa регIа хьала а хьаьжна, ойла а йина, куьг ластийра полковнико. ТIаккха уллохь лаьттачу гIумкийн сотнин командирна майорна Мусина а, гIалгIазкхийн сотнин командирна майорна Чекуновна а тIевирзира иза:

– Ашшимма, господа, шайн сотняшца дукъа а валий, тIаьхьаталла мятежникашна. Генабевллехь, леха цa оьшу. Йалташ, докъарш хIаллакдай, отрядна тIаьхьа Яьссица хьалавола. Ткъа ахь, капитан Пруссаков, йурт йагайе. Хьуна цхьа сотня а, рота салтий а, меттигера лаамхой а буьту ас. Дерриг чекхдаккха ши сахьт хан йу шуна.

– Гаспадин палконак, тхан бахамаш…, – гIийла мохь белира ХортIин.

– Капитан Пруссаков, воккхачу стеган дехар кхочушде.

ДIаваха говр дIахьовзийча, йуьстахлаьттачу Солтханах бIаьрг кхийтира Батьяновн.

– ХIара лаьттарг мила ву? – цунна тIекъаьрзира полковник. – Мичара йевлла хьуна погонаш а, мидал а?