Амма Акхта а ву сема. Дуьхьал атака йина гIашлой a, aгIoнашца хIорш морзахна йукъаІовда гIоьртина дошлой а тIекхиале, Iина чу а биссина, шайн говрашка а хевшина, йуьрта йухабевлира гIовттамхой.
Солтха меллаша чувахара. ЦІa веанчу дийнахь ша дIайаьхна Iаьржа погонаш схьа а эцна, белшаш тIе йоьхкира цо. ТIаккха некха тIе мидал а оьллира.
– Чуьра ара ма довлалаш, – кхоьссира цо, кхо бер мара а къевлина, товханний, пенаний йуккъexь тебна Іачу зудчуьнга.
Йуха а, вахана, тоxaрлерчу гу тIе хIоьттира Солтха. XIинца, йуьртахула чекхлелхаш, регIа йуxабуьйлура гIовттамхой. Цхьаболчара тIехьа ховшийна, кхечара хьалха а лецна балабора дархой. Байъинарш цхьаццанхьа кертaшка охьабохкура цара. Чов хилла куьг чоин чета а таIийна, говр хаьхкина вогIура Акхта. Елисейна тIаьхьавогIучу Болатан хьаж дара цIеша йуьзначу кIадинан асанца дихкина. Солтханца нисвeлча, говр лагIйира Акхтас.
– Хьо стенна кечделла, жIaьла, хIара мидал а оьллина? – туйнаш кхоьссира цо, шен боккха ши бIаьрг Солтханна тIе а боьгIна. – Вежарий бу шун богIуш. Маралелха гIуо! Заддаш!
– Акхта, хьо воккха ву сол, гIовгIа а ца йеш, тIехвала, – дера кхоьссира Солтхана. – Сайна лаахь – мараоьккхур со, сайна лаахь – цІога лоцур ас. Хьан гIуллакх дац соьца.
– ЦІога лаций а ца Iаш, кIел мотт а хьакха аш!
Даим дера Акхта тIехваьлла дIавахча, Болат тIевеара Солтханна.
– Тхайниш цIахь буй-те, Солтха?
– Бац. Айза а, Эсет а, Деши a регIа бахана.
– Къайсаран Макка?
– Иза а йаханa.
– Баркалла хьуна.
– Чов вуон йуй хьан?
– Йац.
– Вайчех маса вийна?
– Дикка байъина.
Болат говр хьайеш воллуш, тIе а вахана, урх лецира Солтхана.
– Оцу Акхте цa оьшу гIовгIа ма йайта. Шуна цхьанне а ца хаьа сан дагара. Сан аьтту пхьарс хиллехь, тахана шуьца хир вара со.
– Акхтина оьгIаз ма гIолаxь, Солтха. Иштта ша дера стаг ма ву иза.