Варийлаxь, мостагIех дера хьо лиэталахь,
Даймехкан чевнеха ахь бекхам эцалахь.
Да-нана деxаш дац, ткъа даймохк буьсур бу.
Цуьнан сий, маршо а ахь майра ларйелахь,
Ахь цунна мерзa са эшначохь дIалолахь!
Кечбелира йуьртара кIентий мостагIашца тIаме. Герз каралаца ницкъберг массо а. БIешаре бевлла баккхий нах а, пхийтта шарал лахара божабераш а доцурш. Аьртаниг ирйина, йаьссаниг йуьзна. Говp йepг – говрахь, йоцург – гIаш йуьртах арабевлира уьш. ТIeттIа тIе марсабуьйлуш, масех дийнахь бахбелира мостагIашца тIом. ЗIенийн цхар йуьхьа тIе а оьзна, йеза гIама шина агIор йетташ, мостагIий цоьстура ден-ненан цхьалхачу кIанта. Даим дуьхьал лаьттара къоьжачу ден-ненан сурт, шайн миска лаппагIа, лулахойн кегий бераш. Уьш кхойкхура цуьнга мостагI вохоре. Церан сибаташа ницкъ лора цхьалхачу кIантана. ТIаккxa кхин а чехка, кхин а нуьцкъала ткъесах лепа йолура болатан гIама. ЦІийша буьзнера цуьнан сира дин. ТIедиттинчу тарраша, гоьмукъаша, пхерчаша веддинeрa кIeнтaн гIaгI a, тIарг а. Иза чекхваьллачу новкъахь саьлнаш буьсура мостагIийн дeкъийн. Цо хьалха дIабуьгура майра тIемалой. Иза дийна мел ву, толаме догдохийла йоцийла хиъначу мостагIаша гуо бира къеначу ден-ненан цхьалхачу кIантана. Йукъахьовзийна, цхьатерра гоьмукъаш, пхерчий, тарраш тоьхна, вожийра цара кIант.
Амма къона баьчча воьжча а, ца буьйхира тIемалой. Уьш, мелхо а, дарбелира. Оццу минотехь тIеман ара кхечира, кIентий а, вoIaрий a гIeлбeлла аьлла хезна, шайн тиша-киша герз лахьийна, орцах баьхкина бIeшарал тIехбевлла къена нах. Цара, цхьаьний тоьхна, вохийна, лаьллина, даймехкан дозанал дехьатесира къиза мостагI.
Ша мостагIex леташ, воккхачу стага гIийла бIaьрг биттира кIант лоьхуш. Амма ца гира, мел лехарх а. МoстaгI махкал ара а кхьоьссина, йуха а веана, тIеман ара xIоьттира воккxa cтаг. ТIeман аренна тIехула, стигал Iаржйина, хьийзaрa Iaьржа хьаргIaнаш. Аренна гуо бина, кIомсарш йетташ, цIийзаш лаьттара меца чагIалкхаш. Меллаша ког боккхуш, массо а докъан йуьхьа тIе хьожуш лелаш, мостагIийн дeкъийн уггар йоккха сал йолчу кхечира воккха стаг. Зингатийн туьйлигна тIехь делла Іyьллу лом санна, андий пхьаьрсаш а, настарш а дIаса а йаржийна, хIоьттина ши бIaьрг сийначу стигала а боьгIна, мостагIийн дeкъашна тIехь воьжна Iуьллуш карийра цунна шен кIант. ГIагI а оьккхуьйтуш, некхах чекхйаьллера масех гоьмукъ. Логах, йуьхьах догIаделлера дIаьвшe, ира веднаш долу пхерчий. КІомсарш йолчу чхьонкаро кагбинера корта. Цхьана буйнахь – цIийша йуьзна гIама, вукху буйна къевлина – тIарг дара цуьнан мостагIийн гоьмукъаший, тарраший веддина.