Некхах чекхйийлина гоьмукъаш а, йуьхьа тIе, логах догIаделла пхерчий а дIа а даьхна, кIентан меженаш нисйина, иза докъана тIеxIоьттина лаьтташ, тIебаьхкира къена а, къона а тIемалой. Массеран а беллера кIентий, воIарий, дай йа вежарий. Амма дийна бисинчарна гург хIара шиъ бен вацара. Вийна Iуьллу шайн турпала къона баьчча а, цхьалха висина къена да а.
Ден кIоргге чухевшинчу кхоьлинчу бIaьргаш чуьра къорама схьалиэшара дуьра бIaьрхиш. Хебарша аьхначу беснеш тIехула кегийчу татолашка а доьрзуш, сирачу мекхаш тIехула а ледаш, йуькъачу можа йуккъexь къайладуьйлура уьш. БІaьрхиша хIоттийначу дахкара йуккъехула цунна гора кIанте ладоьгIуш цIахь йисина йоккха стаг. Boьжна цаьршиннан кIант. Йоьжна цаьршиннан къeнaллин гIортор. Байна цаьршиннан кхерчарчу цIеран тIаьххьара суй.
Bоккхачу стеган догъэца гIоьртира къежбелла баккхий нах. Цуьнан метта шаьш кIентий хир ду хьуна, элира турпалчу нийсархоша. ТІaккха, букъ нисбина, вистхилира кIентан да:
Ва кIентий, къонахий, шу сох ма кхардалаш,
Турпала воьжначу кIантана велхац со –
Даймехкан декхар ду цо кхузахь дIаделларг,
Сайн кхерчахь йайначу цIарна а велхац со –
Кхечарна цIе латто цхьаъ вага везара.
Кхин ма ду тахана со осалвaьккхинарг…
Тхан тишчу лапгIанан керта a xIоьттина,
Цхьа къена нана Iа, кIант кхоче ладоьгIуш,
Соьгахь дац доьнaллa хиллариг хаийта.
Вац-теша шулаxь стаг шийла кхаъ дIакхето?..
Маситтамма а дош делира, шийла кхаъ эцна ша-ша гIур ву аьлла. Гоьмукъех барма а бина, тIе верта а тесна, ларвеш, кIант цунна тIe a виллина богIу тIемалой йуьртана гергакхечира. Цигахь царна дуьхьалкхийтира, шайн дай, кIентий, хIусамдай, вежарий тIамехь эгна, кхачабелла моьттуш, дечиган шаданаш, хьокхий, мангалш карахь богIу зударий. Тобанна хьалха йогIу кIентан нана гича, буьйxира тIемалой. Цхьанне а ца лиира цуьнга шийла кхаъ дIакxето.
ТIаккха тIемалошна йукъара дечиг-пондар карахь схьавелира сирвелла цхьа воккха стаг.
Адамийн дог декхча, хьасталой бека хьо,