Адамийн дог доьхча, гIайгIане боьлху хьо,
Диканехь, вуонeхь а тешаме сан накъост,
Ахь мукъне йалхайе вайгара къа-бала…
Воккхачу стага пондар лекхира. Меллаша цунна тIаьхьайолайелира тIемалойн жима тоба. Сецира зударшна хьалхара йоккха стаг. Хезира гIийла дека пондаран мерзаш. Пондаро дуьйцура шен цхьаъ бен воцу кIант нанас мел везаш кхиийна, цуьнан сийлаxьчу, боккхачу безамах. ТIаккха цIеххьана хийцаделира мерзийн аз. XIинца нахана хезара лечанан майра мохь, лоьман дералла, берзан угIар. Цуьнца хезара вовшех а, тIаргах а деттачу герзийн татанаш. Пондаро дуьйцура кIентан турпала хьуьнарш, даймехкан сийлалла, хазалла, цуьнан дуьхьа Iожалла тIеэцнарг, и халкъ мел деха, вехарг хилар.
Боьлхура, тийжара,
ЦІийзaрa пoндар,
Цкъа – ненан дог делхош,
ТІаккха – и делош…
Боьлхура пондар, тийжара пондар. Боьлхура, тийжара и наной. Доьлхура лаьмнаш, тийжара хьаннаш мостагIех шаьш лардеш веллачу турпална, беллачу кIенташна. Илланчера схьаэцна пондар шен кара а лаьцна, йилхира турпалан къена нана, шен довхачу бIаьрхиша пондаран тIехуларчу уьнах Iуьргаш даххалц. ТIаккха цIеxхьана севцира ненан бIaьрхиш. ТIемалойн тобанна йукъахь кIентан да лехира цуьнан бIaьргаша. Иза карийча, цуьнга йистхилира кIентан нана:
– Хьо хIунда лечкъина нахана тIехьа?
Хьо мa вaц вистхуьлуш къеначу нене?
Йа хьуна хаац-те, со хIунда йоьлху,
XIун бала хьаьвзина готтачу кийра?
Ахь хIунда ца дуьйцу, кIант муха велла?
МостагIийн ардангех къонахий летачохь