4
Иза шена дуьххьара хезаш санна, ши бIaьрг а хьаббина, Къосама леррина ладоьгIура иллига. Цуьнан дешнаша, хIинца санна, кIоргера ойла ца йайтинера Къосаме цкъа а. Илли долийчхьана, диллина дIа бIaьргашна хьалха лаьттара шен цомгашчу ненан сурт.
Ден сурт а хIоьттира хьалха. Нийсса ткъа шо хьалха ГIачалкха-Дукъахь тIамехь вийна, цIа валийра иза. БугIанийн ворданахь. КІел черт а йиллина, тIе тиша истaнг а тесна. Оцу йуккъера схьакъедара йакъайеллачу неIармачаш чу боьллина берзина ши ког. ЭттIачу мІарашца, гIорладоьлла пIелгаш а гуш. БIaьллашна тIехь ворда тохайелча, дIасхьалестош…
XIетахь хIинца Къосаман хенара вара БоьртIаг. Къосаман санна, жима ши бер а дара: Къосам а, Мети a. XIетахь а бацара церан бахам. Къосам хаъал хилчахьана, хIара къоьлла йу церан доьзалахь.
XIунда кхаьчна церан доьзале хIара декъаза дакъа? Йуьртда Iaьмарха а, молла Хайрулла a, кхин масех а берстина хьерабевлла. Башха къахьоьгуш а бац. Ткъа бисинарш къоьлла къикъбоьлла беха.
ХІокху берриг бохамна тIе цIеххьана хеназа хIусамнана а кхелхи. Жимахдолу бер хуьлуш. Царна нана хилла сецна Мета. ХIокху йуьртахь а, гонахарчу йарташкахь а ша йоьхуш дуккxa a нах боллушеxь, маре а ца йоьду. Вешина зуда йалийча бен гIур йац, тIаккха хIун хир а хаац, олу. Нагахь берашна дика десте хилахь, йаха а мега. ТIe, цомгаш нана а йитина, гIойла а дац. Иштта дIахьийсабо шена тIехьийзарш.
Доцца аьлча, галдаьлла хIокхеран доьзалан гIуллакх. Ненан а, йишин а, вешин а. Массеран а – цхьатерра. ХIорш вовшех а, нах хIокхарех а хьаьгар боцуш. Ирс ду-кx xIокху Нурхьаьжин. Зуда йалоза волчу. Да а, нана а дац. Шел воккха цхьа ваша Оьздамар бен, кхин делха а, дита а дац. Ткъа шаьшшиннан гIуллакх чекхдаьллийла кхушинна дика хаьа. Иэшам хилахь – къийсамехь лийр ву, дийна висахь – дIалоцур ву. ТIаккха шеко йац и шиъ тангIалкхаш тIехь кхозург хиларан: xIoкxy Нохчмехкан йeрриг йарташкахь бохург санна, Iедалан цIенош – канцеляреш йагийна цаьршимма. Масех хьолада эхарта а хьажийна. Церан бахамаш мискачу нахана дIа а бекъна. Дийна вуьтур бохург aьттехьа а дац!
ДIатийра Нурхьаьжин иллин мукъам. ГIийла декна, севцира пондаран мерзаш. Ткъа Къосам, стигала а хьоьжуш, ойланаш йеш Іyьллура.
– Хьо вистхуьлуш ма вац, Къосам? – хезира цунна доттагIчун хаттар.
Нахана дика вовзац хIара Нурхьаьжа. Вевзa, дера, дегIеxь ницкъ болуш, онда стаг ву бохуш-м. XIoкху Нохчмахкахь охьатохарх къийсaдaлaрш хилча, даим а толам боккху цо. Оцу aгIop, xIокху йуьртана-м хьовха, гонахарчу йартийн а дозалла ду иза. Амма кхидIа вовзац. Xьекъална дукха генара а ца лору. Иза шена улло озийначу Iаьлбагах а цецбуьйлу. Ткъа хIокху, наьрт санна, зоьрталчу, ондачу, амма парталчу стагеxь, хIорд санна, кIорга хьекъал а, собар а ду. Дог а ду къинхетамах дуьзна. Цундела виэза иза Къосамна.