– Иллин ойла йора аса-м. Мел хаза ду иза! Къеначу дас-нанас шен цхьаъ бен воцу кIант дIало дaймaxкана!
Кевнехь дижина Iyьллу жIаьла, дера лата а летта, цIеххьана дIатийра. Бодашкахь гучувелира керта вогIу кхо стаг. Герго гIoьртича, Оьздамар а, Дадаш а вевзира царна.
– Шу лаа дуй, Дадаш? – xaьттира цаьршимма цхьатерра.
– Дера, дац. ХIара хьакха лаьцна-кх оха, – кхoaлгIaниг хьалхатеттира цаьршимма.
– Мила?
– Тохтарха. Хайруллин вешин кIант.
– XIунда?
– Ножин-Юьрта пурстоп волчу воьдуш. ХIара кехат эцна, – Къосаме кеxат кховдийра Дадаша.
Кexат карахь дIаса а хьовзийна, гIорасиз Нурхьаьже дIахьаьжира Къосам. Вукхо а белш саттийра. Иза деша ца хаьара царах цхьанне а.
– XIун ду хIокху тIе йаздинapг? – xaьттира Къосама Тохтархане.
– Хаац.
– Хьо хIунда вохуьйтура пурстоп волчу?
– Пурстоп волчу цa воьдура со.
– ТIаккха?
– Тхешан гергaрниш болчу.
– Буса хIунда воьду?
– Iуьйранна цIахь хила.
– ХIара кеxат хьаьнга хьош дара хьан?
Тохтарха вист ца хуьлура.
– ХIокху тIехь дерг ца хаьа хьуна?