– Ца хаьа.
– Барта хIумма а ала аьллерий?
– Ца аьллера.
– Пуьташ хIунда йуьтту ахь, зуд? – цунна тІeгIoьртира Oьздaмaр. – КъосамгIар цIахь бу тховса, уьш леца салтий бахкийта аьлла, вохуьйтуш вацара хьо?
– Вацара.
– Ой, тхуна ма дийцина иза хьан а, хьан ден вешин а оцу къамеле къайлах ладоьгIначо?
Тохтарха вист ца хилира. ТІaккха хьалагІеттира Нурхьаьжа.
– Ца дуьйцу ахь? – хаьттира цо, Тохтарханна мера кIел а вaхна.
– Суна хIумма а ца xaьа.
– Дика ду xIета. Вай, регIа а девлла, къамел дийр ду хьоьца. Дадаш, хIара а эций, дIаволалол. – ТIaьхьа а сецна, Къосаме лохха вистхилира Нурхьаьжа: – Сихха гIой, лаций, Хайрулла цхьанхьа чуволла. ХIара вайн караxь вуй а ма хаийта цхьаьнгге а.
Йуьртан урамашкахула дIавуьгуш, цкъа ойла хилира Тохтарханан орцане мохь ала. И ойла хийцийтира, ший а зIок кIегара хаийна, шалгочу тапчанан йуьхьиг цуьнан пханарш йуккъе хIоттийна, тIаьхьавогIучу Дадаша. Ткъа Тохтархас вистхилла йа йуьстах гIулч тесна хIума дахь, цо и ший биргIа тIейассориг хиларан шеко ма йац. ХIара дуьххьара вуьйш ма вац цо. Цул а кхераме вара хьалха воьду Нурхьаьжа. Цунна герз цa оьшу. Цуьнан буйно а чIапбийр бу корта.
Эвла йисттера цIа тІaьхьадисча, цуьнца шен са дуьсуш санна хетаделира Тохтарханна. XIун дан воллу-те хIара шиъ? Кхеро гIерта-те йа вен воллу-те? Баккъал а, цхьамма ладоьгIна-те ден вешин а, цуьнан а къамеле? Ла а доьгIна, мотт баьхьначух тера ду. Иштта ца хилча, новкъахь кIело а йина, хIара схьалоцур ма вацара. ЙуxaгIepтaрх гIуллакх хир дац. Tоьхна вуьйр ву. Цуьнан-м шеко ма йац. ХIара ден ваша цхьа адам хилча-м, бIаьрнегIap a ца тухуш, вала а дацара хала. Ткъа иза-х дуьххьалдIа хьакха йу. Къорам вy, кхин хилча ца маггал. Сутара ву, хIара дуьне дІaxyьйдича а, вузур воцуш. Тохтарханна ма хаьа билтойн Шахьболатехулий, Умалхьатеxулий цо йоьзна пурстоьпаца къайлах зIенаш. Цара тIедилларца, хIара чеччалхой Iаьлбагна дуьхьалбаьхний а хаьа. Гендaргaнoйн Гати-Хьаьжас а, чеччалхойн Iаьмархана а, цо а барт бина Къосам а, Нурхьаьжа а виэн. Маситтаза а кIелонаш йайтина. Пурстоьпо Хайруллина шозза делла ахча схьадеанарг а xIара Тохтарха ма ву. Иза Чири-юьрта, Гати-Юьрта, Шела хIунда вахана а ма хаьа. Хаьа, амма уьш дийца йиш йац. Хьакха йелахь а, ден ваша мa ву иза.
Тохтархас чIaгIo йора дош ца ала. Амма и чІaгIo cиxха маллора. Тохтарханна хIун пайда хилла ден вешера? Цуьнан шортта латта а, даьхний а ду. Дика, даккхий цIенош а, ахча а ду. Ткъа Тохтарха, кхиберш санна, къехо ву. Латта а дац, даьхний а дац. Чордачу машин хечано, гIордаз хьекхча санна, хенан маьIигаш йаьшна лела. Атталла, гирда хьаьжкIаш-м ца йелла, вешин кIентан доьзал кертахь буьртиг йалта а доцуш бисарх…