Светлый фон

Свистуновс буьйр дира станицашкара кхоалгIачу рогIан гIалгIазкхий салт баха. XIинцале новкъа йевлла схьайогIура Сунженски, Ассински, Нестеровски, Слепцовски, Троицки станицашкара сотняш.

Командующий реза вац шен гIоьнчин инарлин Смекаловн тактикина. Шен отряд йохо гIовттамхошна шозза аьтто хилийтинa цо. Йерриг отрядца цкъа Бена, йуха Басса тIе вaхнa иза. ГIa a дaьллачу йуькъачу хьаннашка, нал санна, таттавелла. Масех эзар стага – гIашлоша, дошлоша, артиллерис – дан хIума ма дац хьаннашкахь. Ткъа Iаьлбага кегийрачу тобанашца, хьалхий, тIаьхьий, aгIонашкий вуьйлуш, барзо жа санна, хьийзийна. Дукхa дараш хуьлуш, салтий гIелбина, Ведана йухаваьлла шоззе а. Iаьлбаган гIера эзар стаге а ма ца йолу. Цунна дуьхьал ши батальон а, кхо сотня а тоьуш ма йу. Ткъа хIара масех эзар стагаца хьаннашкахула волавелла лела!

Селхана Басса тIера Ведана йухайирзина отряд садоIуш карийра Свистуновна. Ткъа Накашидзен отряд ДегIастана дIайаханера. Шен ца хиллачу кхиамо гIелвинера Смекалов. Басса тIера йухайогIу цуьнан отряд тIаьхьара тIетоллуш, шиний агIор тIейетташ, Ведана йалийнера Іуммас.

Делкъал тIаьхьа жимма са а даьIна, отряде хьаьжира Александр Павлович. ДІaдaханчу кхаа дийнахь дикка хьекхийнeхь а, шек дIа а бацара салтий. ТIаккха, лазарете а вахана, Шервашидзена тIехIоьттира. Хьалхалера болатан бос байнера элан йуьхьа тIера. Буткъбеллера мара а. Чохь са доцуш санна, мажделла, дегIаца дIаxецна Іохкура куьйгаш а.

– XIинца дика ву хIара, – элира лоьро Шимановскийс. – Синпха вуон бац, садаIap а дика ду. Амма дикка Iилла деза.

Штабе йухавогIуш, гIопан кетIахь гулвелла, шайн талорех йохкэцар йеш бIe сoв салти а, милцой а гира Свистуновна. И базарш даим хIyьттура отряд экспедицера йарташка цIа йирзича.

Шаьшшиъ Смекаловн кабинет чу йухавирзича, Свистунов ца Iавелира цунна шен резавацар ца хоуьйтуш.

– Дала къинхетам бина, эхьах кIелхьарваьккхина хьо, Алексей Михайлович, – долийра цо, мундиран логера нодарчий дIа а xоьцуш.

– Со ца кхета ахь дуьйцучух, Александр Павлович…

Свистуновс, тIе а веана, Смекаловн белша тIе куьг диллира.

– Вайна дуьхьал летарг регулярни эскарш дац, ткъа кху лаьмнашкахь, хьаннашкахь бечу тIамехь бахчабелла, бIeшeран зиэделларг долу нохчий бу хьуна, ца аьллера ас хьоьга? XIетте а, масех эзар гIашлой а, дошлой а, йерриг артиллери а, доцца аьлча, йерриг а отрядца оцу зIуганийн баннаш йуккъе вaхана хьо. Цундела, эрна къа а хьегна, дуккха дараш а хилла, йухавирзина. Ткъа Iаьлбаг а, Iумма а, шек дIа а воцуш, хIинца а хьаннашкахь маьршша кхерста!

Александр Павловича, стоьла тIe а вахана, графин схьа а эцна, стаки чу доьттина, хи мелира. ТІаккха, балдех йовлакх хьаькхна, йуха а Смекаловна тIевирзира иза.