– Дехаш хилла цхьа жеро а, цуьнан кIант а, – долийра Янаркъас. – XIинца вайна санна, тIeгIoьртина шийла Іа. Ткъа нeнaн a, кIeнтaн а йургIа ца хилла. Шайн йолу-йоцу таро а йина, ший а базара дахана и шиъ йургIанаш эца. Нанас йургIа эцна, ткъа кIанта топ эцна. «КIант, йургIа хIунда ца ийци ахь?» – хаьттина нанас. «ЙургIанал топ оьшу суна», – аьлла кIанта. Iа тIедеана. Шийла Іа. Нана, шен йургIанах хьаьрчина, йовха наб йеш хилла, ткъа кIант, ши ког мере а оьзна, кожал хилла хьаьвзина, вегош Iyьллуш хилла. «Хьо ма вегош ву, кIант, хьуна хIун хилла?» – хаьттина самайаьллачу нанас. «Шел-л-ло, наб цa кхе-кхета», – халла жоп делла кIанта. «Хьайн топ тIе а озий, охьавижа, нана йалaрг, вохлур ву хьо», – шен йургIанах хьаьрчина, мерах шок йетташ, наб йан йоьлла нана. Нускалш а дитина, хIара тоьпаш къастийна вай, Элса. Нускал дагадеача, хIорш маракъyьйлур вай…
Чеччалхойн дукъара схьадеанчу йоккхачу тоьпан татано хадийра доттагIийн къамел. Ара а лилхина, дIахьаьвсира уьш. Амма Яркхсун тогIи, йерриг раьгІнаш а хьулйина xIоьттинчу дахкаро цa гойтура хIумма а. ХIорш, шайн герз схьа а эцна, туьпа йуккъе кхачале, йуха а дур дeара. ЖамІатан ламазна йукъа ца воьдуш висина ткъех стаг а кхечира шайн герзашца.
– XIун ду хилларг?
– Иза мичхьара схьайетта?
– Хаац. Шуна а ца хаьа?
– Мичара! Дохк ма ду.
– XIорш-м ламазаш деш ма Іа.
Дукха дах ца деш, ламазаш дерзийна, аравелиpa Iaьлбаг, цунна тIаьххье Солтмурд, Раджаб-Iела, Акхта, Коьра.
– Йоккха топ мичахь йуьйлу? – xaьттира Iаьлбага.
– Чеччалхойн дукъа кIел хеза, – жоп делира Янаркъас.
Туьпара массо а, гулбелла, ладоьгIна севцира.
– Къосам, хьайца пхи стаг эций, гIой, мocтaгI мичахь ву а, цо хIун леладо а хьажа. Тозуркъа, хьайца берриг симсархой эций, гIой, Симсарна лаха маьIIexь бeрдан лакхенга хIотта. Амма соьгара пурба доцуш топ ма кхосса.
Шеца Янаркъа а, Юсуп а, Михаил а, ши симсархо а эцна, сихха дахкарлахь къайлавелира Къосам. Дукха ца Iаш, шен ах бIенца Симсара охьавахара Тозуркъа а. Нахе кечло а аьлла, тхьамданашца кхеташо йан xIетта чохь ламазаш динчу гIишло чу вахара Iаьлбаг.
– Ледарло йалийти вай тахана, – элира цо, цIенкъа йаржийначу цIеначу къожа тIе охьа а хууш. – Кхузахь чIагIдала гIерташ, арахьа дерг дицдина. Солтмурд, мичахь бу хьан бIаьнбIаьргаш?
– Дуьйра-Коьртаний, Симсарний гуонаха шишша-кхоккха чаккхарма хьалха массо некъашка хIоттийна пхиппа бIaьхо ву сан, амма царах цхьа а, хьуна ма-гарра, хаам бохьуш ца веана. Схьахетарехь, йоккха топ генаxь йуьйлу.
– Ахь Бена хьажийна стаг?
– Йуха ца веана.
– Туьпара дIаваханa стaг вуй?
– Вац, вайгара пурба доцуш-м.