Светлый фон

– Айсолта мa вaц гуш? – xaьттира Раджаб-Ieлaс.

– Селхана, Бенойн-Ведана воьду аьлла, вахана иза.

– Хьоьга хаьттина ваxаний?

– Вахана, дера. Цигарчу шен жах хIун хилла хьажа.

Iаьлбага резавоцуш корта хьовзийра.

– Айсолтех ас жоп ло, – элира Солтмурда. – Суна дика вевза иза. ТIе, цо дуккха а гIо дина вайна.

– Цо вайн нахана йийна ткъех хIора хьехайо хир йу ахь? Ма доккха хIума хили хьуна царах! Цуьнан-х уьш масех бIe бу. Хьо йукъара-м хилла цунна. Амма со реза вац цуьнан бIaьргашна. Мукадехкачух тера бу уьш.

– Хаац, Iаьлбаг-Хьаьжа, хьуна хIун хааделла, суна изa a, цуьнан да а вевза. Вуон нах бац уьш.

– Ткъа мичара баьлла цунна шен бахам?

– И ца хаьа суна.

– ХIай-хIай!

– Хьо ма тIаьхьа шекваьлла цунах? – вусавелира Солтмурд. – Хьалххе хIунда ца олура ахь?

– ТIaьхьа-м, дера, ду сан шеквалар. Дукха бохкабелла бeнoйх а. Джаму, Джамал, Iусман. Уьш гучубевлларш бу, ткъа къайлах мел хир бу уьш.

– Цхьа бeнoйх бевлла цa Ia ишттаниш. Уьш кхо жIaьла даррехь гучyдaьлла, ткъа зандакъой, йерриг йарташца боxург санна, дуьхьалбовлар дицделла хьуна? Ткъа – чеччалхой, даьттахой, зандакъ-арахой?

– ТIexбеттамашка ма довлал, – йукъавуьйлира Раджаб-Iела. – Гирзе жий йукъахь боцуш жа хилац. Йоккха топ йуьйлу ца хеза шуна?

Йукъа ткъех минот йолуьйтуш, хIинца пхоьазлагIа йелира йоккха топ. Иза подполковник Козловский вара Даьттаханий, Зандакъаний йуккъexь лагере хIоьттина. Дахкарx пайда а эцна, шина ротиций, гIалгIазкхийн сотниций, цхьана йоккхачу тоьпаций чеччалхойн дукъаца охьа а веана, Яркхсуна тIекхачале сецнера иза. Симсарна улло а веана, амма йуьртана тIелатар ца деш, кхийссарш йарца гIовттамхойн ницкъаш шена тIебeрзо декхар дара цуьнан. Амма Козловский йуьртана улло гIорта ца ваьхьара. Дахкарлахь цIеxxьана кIелонна теIоттаваларна кхоьрура иза.

Цхьа сахьт даьлча, йухавеанчу Къосама дийцира Козловскийн колонна мичахь лаьтта.

– Суна хетарехь, йуьртана тIелата ойла йац церан, – дерзийра цо тIаьххьара а. – Йоккха топ Симсарна тIебогIучу некъана йуьстаха хIоттийна йу. Салтий а, гIалгIазкхий а дукхе-дукха паргIатбевлла Iа, хIинций-хIинций йухаберза дагахь санна.

– Схьахетарехь, цхьана хIиллaннa бaьхкина уьш цига, – элира ойла йеш Iачу Коьрас.

– Xexь лаьттачу вайн накъосташкара хабар-м ма дац.