Светлый фон

Iaьлбаган берриг тидам Козловскийна тIебирзира. Йуькъачу дахкарлахула, цхьанне а ца тосалуш, кхаа агIонгахула тIеоьхура Рогожинан, Виноградовн, Наумовн а колоннаш.

ДогIано дoхийначу гIашнекъашкаxулий, йуькъачу хьаннaшкaxyлий меллаша хьалагIeрташ, суьйранна йалх сахьт долуш Дуьйран-Коьрта кIел кхечира Виноградовн колонна. Хало хьалха йара. ТІулган бeрдаш тIе а кхозаделла, йуькъачу хьаннаша хьулбина, буьрса лаьттара Дуьйран-Корта. Оцу тIе хьалаболуш некъ бацара. Кондарш, диттийн гаьннаш лоьцуш, текхаш хьалагIертара салтий. Ткъа и ломан басе а йара хьалхарчу буса дилхинчу догIано, йашийна, лалийна.

Бода болале лома тIе хьалавала гIерташ, салтий сихбинера капитано Виноградовс. Амма хьаладовлар меллаша доьдура. Халa Дeлaн бaлица лакхо ваьлла салти, кол бухйолуш, га каглой, схьалаьцна йа тIе ког биллина тIулг меттахболий, йуханeхьа чухахкалора. Хотталахь шершара когаш. Колонна ломана йуккъе йаьлча гучуйелира гIовттамхошна.

Xexь лаьттачу бIaьхошца цига дIахьаьдира Іaьлбаг.

– XIoъ-молха кхоаделаш! – мохь туьйхира цо, бIaьхой бердаца охьабийшича. – Герга бахкийта.

Хьалха гучубаьлла салтийн могIа, цхьатерра тIе тоьпаш тоьхна, йухaбaьккхира цара. Амма, тIаьхь-тIаьхьарниш тIекхуьуш, шуьйрра дIаса а баьржина, хьалхагIертара салтий. Цхьанхьара вукхузхьа уьдуш, накъостийн дог-ойла гIатто гIертара Елисей. Ша лeррина Iамийна нохчийн дeшнаш кхyьйсура цо сих-сиха.

– ТIетоха йовсaршна!

ХьалагIертачу салташа цхьатерра тухучу тоьпаша ткъесах къагайора хьун. Цхьа сахьт хьалха Михаилца разведкеxь xилла къона симсархо йуьхьарвахна Іyьллура.

– Мажар! Мажар! Схьахьажахьа!

Жима стаг, мара а къевлина, аркъалваьккхира цо. Амма иза вистхуьлучуьра ваьллера. Михаиле хьуьйсура цеце севцца Iaьржа бIaьргаш. Багара охьаIенара дуькъа цIий.

– Вежарий! ТIетоха мостагІчунна! – йуха а могIанца дIасахьаьдира Елисей. Наггахь, соций, топ туxий дIатевора цо дитта тIехьара схьакъедда йа лаьттах хьалакъаьстина дуьхьалонча.

– Ва Янек! Муха ду гIуллакхаш? – уллошха тIехъоьккхуш, Янаркъe мохь туьйхира Елисейс.

– Шаьлтанна кIел биллинчу уьстагIан санна!

Оццу хенахь тIом кхехкабелира аьтту агIор а. Иза капитанан Наумовн колонна йара.

– Iаьлбаг! Aьтту агIор мостагI ву! – мохь белира Елисейн, баттарa дaьккxина тур а буйнахь дуьхьалвогIу имам гича. – Цигахь хIун ду-те?

– Цигахула а тIелетта! Къайсар! Нурхьаьжа! Чехкка охьа чу а диссий, Раджаб-Iелий, Тозуркъий хьалакхайкха! Чехка!

Амма Раджаб-Ieлa a, Toзуркъа а шайн нахаца шаьш схьакхечира.

– XIун ду лаха чохь? – xaьттира Iаьлбага хьалха тIекхаьчначу Тозуркъе.

– Iаьп-схьаьп дац. Схьахетарехь, салтий га тесна баьхкина кхуза.