– Баьхкина, тIе ца Iиттабелча, мocтaгI генара гойла дац царна. Дохк ду иттех гIулч генара хIума а ца гуш.
– ТІe, буьйса йулуш а йоллу.
– Суна хетарехь, тIамна кийча хила деза вай, – жамI дира Iаьлбага.
Оцу минoтeхь чувеара ха дан хьовсийначу нахах цхьаъ.
– Эти-Коьртехула схьа бIo бoгIу! – элира цо, хьуьхьвоьлла.
– Дукха буй салтий?
– Хаац. Дахкарна ца гора.
– Муьлхачу новкъа богIу уьш?
– БулгIат-Ирзехула схьабевлла.
– Симсарна тIебогIу-кх уьш.
– Йурт ларйан ницкъ буй-те вайн? – элира Солтмурда шина даггахь. – Шиний агIор тIебогIуш бIo бу, ткъа вайн орцане догдoхийла а йац.
– Йурт ларйан доьлча, иза йохор йу цара, – корта хьовзийра Коьрас. – Стенна оьшу нахана зуламдар? Цул, Яркхсу тIехь дуьхьалдевлча, бакъахьа хета суна.
– ТIом ца беш, йухадевлча, муха хир дара-те? Mа кIезиг ницкъ бу-кх вайн! – дуьхьало йан ша резацахилар хаийтира Солтмурда йуха а.
– Ахь хIун олу, Раджаб-Iела?
– Даим девдда лелла девр дуй вай, Iаьлбаг-Хьаьжа? Лата деза-кх.
– Нурхьаьжа?
– Коьрас ма-аллара, Яркхсу тIе а диссина, лата деза.
Іaьлбаг хьалагIеттира.
– ХIета, хIораммо а шен бIo тIамна кечбе. Солтмурд, хьой, Сулиманний Эти-Коьртехула богIучу бIонна дуьхьалвала. Раджаб-Iела Чеччалхера охьабогIучу бІонна дуьхьал гIо. Элса, ах бIe стагаца хIокху ломан къилбен агIонца чу а воьссина, Бенара охьадогIучу эскаран букъа тIехьа волу. Бисинчу нахаца со Яркхсу тIехь соцу. Зиэн хуьлучу далаxь, кIез-кIезиг йухадовла. Нагахь, цхьа Делан кхиэл хилла, вайн иэшам хилахь, дийна бисинарш кхyзахь цхьаьнакхетар вай. ХIан, же, кIентий, Дала аьтто болда вайн!
Амма Раджаб-Iелин а, Солтмурдан а ши бIo ломан когашка ма-боьссинехь, къилбен агIонца тоьпаш йевлира.