Светлый фон

– Солтмурдах хIун хилла?

– Хаац. Иза волчу агIорхьара а йолуш топ йац.

– Aьтто балаxь, тIехьашха тIелата, бацахь – кхуза йухавала ала цуьнга.

Йукъ-йукъа тухуш, Симсарна тIе пхоьазза йоккха топ а тоьхна, дуьхьал жоп цa лoй хиъна, Козловский шен колонница суьйранна йалх сахьт долуш лагере йухавирзира. Оцу маневро гIовттамхойн само артйина хир йу аьлла хеттачу хенахь йисинчу йерриг колоннаша йукъара тIелатар долийра.

– Коьра! Коьра! Акхтин бIоца аьтту агIор гIуо. Раджаб-Ieлa! Элсина гIо де! – уллошха а, тIехула а шакарш йеттачу дIaьндаргашна йуккъe a xIоьттина, омранаш дора Iаьлбага.

ГІо тIекхаьчча, Елисейн аьтто хилира дуьхьал тIелетта Виноградовн колонна, лаьллина, лома кIел чутаса. Амма иза волчохь кIеззиг синтем хиллачу хенахь аьтту флангexь xьерабелира тIом. Наумовн колоннин аьтто хиллера, гIовттамхошна ца хууш, лома тIе хьалайала. Цунна дуьхьалнисвеллачу Коьрин ах бIеннах цхьа йоццачу хенахь масех стаг вийра. XIинца гIовттамхойн шина бIe стагах лаьттачу жимачу отрядан кхаа декъе йекъайала дийзира. Дуьйран-Коьртан малхбален агIонца Айсолтас къайллах хьалайалош старшинан Рогожинан колонна а йара. Ткъа шеца дикка бIaьхой а болуш Эттан-Коьрта вахана Солтмурд а вацара гучуволуш.

ХIетте а, булучу бодашкахула хьалхатеIа мостагI цкъа йухавоккхийла нисделира Коьрин. Йиэтта тоьпаш цхьана масех минотехь лагIйелира.

– Йухабевлла-те уьш? – xaьттира тоьпан лога тIе пӀелг биллина Іyьллучу Къайсара.

– ХIан-хIа, йуxабевр бац уьш, – парггIат жоп делира Коьрас. – Йа вай хIаллакдан, йа шаьш хIаллакьхила ойла йу церан.

– Ломан гуо къовла а ца кхии, хIусамашкахьа а девлла.

– Хьанна хаьара иштта сиха уьш схьабогIур буйла. Шен эскарца инaрлa ДегIастана воьду бохуш, хаамаш ма бара.

– XIилланна эладита даржийна хилла-кх.

– ХIан-хIа, иштта омра дара Буру-гIалара. Схьахетарехь, ойла хийцина цара. ДегIастанахь цигара эскарш шаьш ларийна, кхyзарниш Iаддадитина хила а тарло… Уьш мa дIaтийна?

– Хьажа гIой со?

– Кхераме ду.

– XIумма а дац. Тиэкхаш берда йиcтe a вaхана, чухьожу со.

Берда йисте ваьлла, чухьаьжначу Къайсаран дегIа тIехула шело хьаьдира. ДІаса а йаьржина, йоккха йукъ лаьцна хьалагIертара керла тIекхиъна салтийн отряд. Масех минот йалале уьш ломан бухьа тIе бевриг хиларан шеко йацара. И ший а агIо цхьа а стаг воцуш хецна йара гIовттамхойн. Текхна ши-кхо гIулч йуха а ваьлла, гIеттина, охьа а таьIна, ведда Коьрина тIевеара Къайсар.

– Орца кхаьчна царна. ДІаса а баьржина, хьалагIерта.

– Элсега шен нахаца схьавола алахьа.

– Цигахь ков доьллу вай?