Светлый фон

– ГІуллакх полхой ду, Мишка! – эккхийтира Янаркъас, тIейеттарш жимма лагIйелча.

– XIун хилла, Янек?

– Патармаш кхачош дохку. Шиъ бен бац.

– ХIан, хIара пхиъ бу хьуна.

– ХIай, испасибо! Вайша валаза висахь, Буцани хьан йу-кх!

Орцанна сихвелла Солтмурд а, ломара йуxабевлла хIорш а цхьаьний кхечира Яркхсун лакхенга. Кхузахь бара Симсарара бевдда баьхкина доьзалш а.

– Аш хIун до? Шу стенна даьхкина кхуза? – йуьртахошна хьалха сeцира Iаьлбаг.

– Салтех девдда даьхкина тхо! – маьхьарий девлира зударийн.

– Хих веддарг хьера кIел иккхина боxург ду-кх аш динарг! Чехка йухaдeрза! Же, ма Iелаш! Салтий бу тхуна тIаьхьабогIуш, кхузахь тIом хир бу. Же, же, дIадовла кхузара. ЦІа а гIой, шайна хIумма а ца хуучyxa Ie…

Зеламха цIа чу а вигна, шаьлтанца этIош гIайбин чкъуьйриг а йаьккхина, цуьнан пхьарс дIабихкира Іaьлбага. Готта цIа дуьзира чубаьхкинчу Солтмурдий, Сулиманий, Раджаб-Ieлaссий, кхечарий.

– Зиэн дукха хиллий? – хаьттира тIехIоьттинчу Солтмурда.

– Хаац, – шого жоп делира Iаьлбага. – Шуьшиъ хIун деш вара цигахь?

– Эрна къахьийги. Тхойша тIекхачале, хьаннашкахь къайлавелира мостагI.

– Ткъа шуьшиъ?

– Жимма ладоьгIуш Iийра. Кхузахь тIом болабелча, схьа сиxвелира-кх.

– Ой, царна тIаьхьадовла ца мегара шу?

– Уьш мел бу а ца хууш, ах бIe стагаца царна тIаьхьа муха гIо?

Iаьлбага резавоцуш корта хьовзийра.

– Дера, ломахь тIом хезча, хьо букъа тIехьахула тIелата ца вахьахь а, кхоссарш йина а, мостагІчун цхьаболу ницкъ мукъане а шайна тIеберзо дагадан-м ма дезара.

– Уьш нислур дац хIинца. Салтий схьакхачале, цхьа сацам тIеэцал.