Светлый фон

Са а уьйзуш, дIатийра Деши. Цаьршимма ца Iебаш вовшийн маракъyьйлура. Амма Дешин кийрахь тохaлучу беро дIасахоьцуьйтура.

– Нагахь вайшиннан кIант хилахь Соип aлий, цIе тиллалахь цунна. Со санна, аьрха а воцуш, эсала кIант вара иза. Амма – майра, къинхетаме. Нана мацалла ца йалийта гIерташ, ша велира иза. Ший а цхьана буса делира и шиъ…

Болатна наб озош йоллуш, Деши кхайкхира цуьнга.

– ЙоI хилахь?

– Хеда. Сан ненан безамна. ХІycaмдена дика цIийннана хилла ца Iаш, тешаме доттагI а, берашна дика нана а, халкъан майра йоI а йара иза.

Арахь шолгIа котамаш дека хезира.

– Болат.

– Вай!

– Хьох йаьлла, цIахь Іалур йац-кх со.

– Цa Iийча, йалац. Йерриг сан а ма йац хьо.

– Кхин хьенан йу со?

– Вайн декъазчу халкъан йоI а ма йу хьо. Цунна кIант кхиавехьа, Деши.

 

3

 

ШолгIа де цхьа а тайпа хийцамаш боцуш дIаделира Болатан. Нах леца таIзархойн отряд а ца йеара. Атталла ХортIагIар а бацара йуьртахь. Схьахетарехь, кхечу йарташкара нах лоьцуш, Iедална гIо дан бигнера ЧІонакъий, Инарлий.

Ша хирг хир аьлла, цхьаннах а ца лечкъаш, сарралц керт-ковхь цхьацца гIуллакхаш а дина, суьйранна чувирзира Болат. ХIара волчохь жимма хевшина а Ӏийна, дIавахара Янаркъа а, Аьрсамирза а.

Сингaттaмe a, йеха а йара хIара гуьйренaн цIемза буьйсанаш. Ло а, догIа а цхьаьнаийна хьийза дарц. БІaьрга Іоьттина пӀелг гур боцуш, Iаьржа бода.

XIopш охьабийша ойла хилла бохкуш, керта говpaн тaтa дeара. Сихха тIе бедарш а йуьйхина, кога мачаш а оьзна, топ карахь араиккхира Болат. Кертан араxь цхьалха бере лаьттара. Амма иза ша вист ца хилча вевзар ву боxург хьехoчохь а дацара.

– Ассалам алайкум! Хьаша тIеоьций ахь, Болат?