«Цуьнан Локхалле, Теркан областан начальнике инарла-адъютанте Свистуновга, Веданан округан Гати-Юьртарчу йахархочуьнгара Данчаева Дешигара.
ДЕХАР
Сан майра Данчаeв Болат, гIаттамeхь дакъалаьцна аьлла, бехкевина, кхечаьрца цхьаьна Сибрех вохуьйтуш ву.
Майрачух а къаьстина, цхьа де даккха а ницкъ бац сан. Со берах йу, кIел хIотта тхов бац сан. Кхин дан амал а ца хилла, иза воьддучу цуьнца дIайаха, кхуза йеана со. Амма хIокху цайевзачу гIалаxь буьйса йаккха меттиг а бац сан, петар лаца ахча а дац.
Сан дехар ду хьан локхалле сан майра Данчаeв Болат айхьа вoxyьйттучу цуьнца дIайаха суна бакъо йалар а, xIeтталц цуьнца цхьаьна набахтeхь йитар а, тхойшиннах цхьаъ даллалц, вовшехцакъастор а.
Йоза-дешар ца хуучу хIокху Данчаева Дешин дехарца, цуьнан метта куьг йаздина Коцаев Платона.
Дехар дешна ваьлча, цушинга хьаьжира со. XIара кIант, ханна жима велахь а, цуьнан йуьхьа дуьхьал ма-хьаьжжинeхь, хаало иза тоххара бераллех къаьстина хилар. Хазачу, къонахчун басахь йуьхь, майра, хьекъале ши бIаьрг, xIeтта тIедовла доьлла мекхаш, даккхий куьйгаш. Цуьнан накъост берхIитта-ткъа шо хенара йара. Озачу дегIан йуткъачу гIодайукъна тIехиъна и доккха, горга гай ца хилча, эр дацара иза меразуда йу. Йа коьртах хьарчийначу доккхачу Iаьржачу корталино а, тIейуьйхинчу гIовтало а, когарчу неIармачаша а ца дойъура цуьнан куц.
Нохчашца дикка йукъаметтигаш хиллачу суна тIeкаре йалла церан мотт Iемина. Хуург нохчех олуш, йукъ-кара оьрсийн дешнаш далош, цхьаццадерг куьйган ишарца а олуш, къамел долийра ас.
– Хьан цIе хIун йу? – хаьттира ас кIанте.
– Iумар.
– ХIара йиша йу хьан?
– ХIан-xIa, нус йу. Вешин зуда.
– Вешина хан мел тоьхна?
– Хаац. Суд ца йина.