Зеламха хIинца кхийтира Билкъисан дагахь долчух. Зеламхина тIехь масех чIир йу. Иза вен аьтто ца нислуш лела мостагIий. Ткъа Бийсолта маьрша вуьту. Пхийтта шо кхаччалц. ТIаккха герз лело а, тIаме ваха а бакъо хуьлу кIентан. ХIетталц иза бер лору нохчийн гIиллакхехь. Пхийтта шо дуззалц божабер йукъа ца догIу чIирана. Бийсолтин пхийтта шо дуьзча, цуьнца Зеламхин чIир нисйан бакъо йу мостагIийн. Иза воцург ваша а, вежарийн кIентий а бац Зеламхин. Ткъа Бийсолтин пхуьйтталгIа шо делахь а, иза хIинца а бер ду. Йуьхьа тIе а, мера кIел а пхьаьрчоьш а довлаза. Зеламхин дахар мел хала делахь а, шена уллохь хилча, и жима ваша мостагIех ларван атта хир ду цунна.
– Дика ду, Билкъис. Соьца хала-м хир ду Бийсолтина. Делахь а кхузахь цхьа вехачул, соьца а, сан накъосташца а тешаме хир ду хIокхунна. Хьан наха хIинццалц дика дола дина хIокхуьнан. Тоьур ду, Дела реза хуьлда царна. ХIета, сиха кечло.
Зеламхас шеца дIавигира Бийсолта. Цхьана волу цхьа ваша…
4
Зеламха вина меттиг уггар хазачарех цхьаъ йара Нохчийчохь, амма цул хаза меттиг дуьненахь йан а йац, хила йиш а йац, моьттура цунна. Ша обарган некъа валлалц цунна Хорачана гондIара меттигаш а, аьхка жа дажо воьдуш хилла Къоьзан-Iам а бен, кхидолу нохчийн лаьмнаш ца гинера. Обарг ваьлла, кхерста воьлча, цунна гира цкъа хьалха ЧIебарлан, тIаккха Органан а, Iассан а лакхенашца долу нохчийн а, гIалгIайн а лаьмнаш. ТIаккха хиира цунна ша винчу меттиган мискалла.
Лаьмнаш-м массанхьа а цхьатера дара. Цкъа а тIера ло а, ша а ца бешаш, ира баххьаш мархех чекхдаьхна, сийначу стигала хьала а доьгIна. Церан лакхенга хьалаваьлча, генна лакхахь йаьржина, хIиттина йа керчаш гора бамба санна кIайн, кIеда мархаш. Царна тIехула волавелла вахалур волуш санна, хеталора. ТIулган тархашца хьийзаш, лакхара чуIенаш, лах-лахахь цхьаьнакхетий, даккхийчу татолашка а доьрзий, хьалахьаьжча лакхе ца гучу гаттийчу чIажаш чохь Iаламан буьрсачу ницкъе а доьрзий, даккхий чхернаш хьалха дIакерчош, ца карчалучунна тIехула кхийсалуш, аренан маршоне сихделла уьду хиш. Лаьмнийн басешкахь а, когашкахь а адамаша дезар оьцуш, йа дезар эца церан ницкъ боцуш кхиъна лекха, йуькъа, къена хьаннаш. ТогIешкахь бацо сендина, бес-бесарчу зезагаша къарздина ирзош. Цхьаццанхьа оцу Iаламо куц деллачу ирзошна йуккъехь хиш хIиттина кегий Iаьмнаш. Оцу лаьмнашкахь го тайп-тайпана акхарой, олхазарш. Черчий, сеш, лунаш, акха гезарий, уьстагIий. Тархийн баххьашна тIе охьахевшина а, сийначу стигалахь, мархашна кIел хIаваэхь хьийза а аьрзунаш, лечарчий, куьйранаш. Дерригенан сурт хIотто а, дийца а хуур дац.