Светлый фон

 

1

 

Зеламха собаре стаг вара. Шена хазахетар хилча, иза дуьйцуш воьлуш а ца хуьлура, халахетар, бохам хилча, иза балхош, цIийзаш а, чIеIаш а ца лелара. Иза а, важа а шен кийрахь къовла а, дагара ца хаийта а доьналла дара цуьнгахь. Вербицкийн кехат дешча, оьгIазлоно буьзна, кIеж туьйсуш, кхехкара цуьнан кийра. Нохчийн халкъана хьалха-м хьовха, Кавказан, йерриг а Россин халкъашна хьалха эхь динера цунна Вербицкийс. Иза дуьтийла ма йац. Цунна хьакъ доллу жоп дала ма деза Зеламхас. Иза реза ву атаманах лата. Муха ца хуьлу. Зеламхас шеца цхьа а накъост вуьгур вац. Ша бахьана долуш накъосташна бохам хуьлийла ца лаьа цунна. TIe, Вербицкийс шех цхьаннах лата вола а ма боху. Зеламха ша летар ву цунах. Зеламха ма ву оцу хьакхано сийсазвинарг. Шен куьйга бекхам оьцур бу цо.

ХIаъа, Вербицкийна жоп йаздан дезара. Аюба йаздича а тарлора, гIаддайча. Аюб шозза набахтешкахь, Сибрехь ссылкехь хилла. Шоззе а ведда цIа веана. ШозлагIа цIа веача, хIетахь Зеламхин тобанехь хиллачу Абубакарехула обаргех схьакхетта. Аюб хьекъале, доза доцуш майра кIант ву. Цунна оьрсийн йоза-дешар а, мотт а хаьа. Зеламхин аьтту куьг ду иза. Добровольскийга, Галаевга, Дудниковга, кхечаьрга а йаздина кехаташ Аюба а, Бетарсолтас а йаздина цунна. Ткъа Пачхьалкхан Думе МутушгIеран Ахьматхана йаздина. Ахьматхан, Петарбухехь а, Москох а лоруш, гIараваьлла абалкат ву. Иза тахана хIокху махкахь вац. Германа-махкахь ву, боху. Иза цIа верзаре хьоьжуш Iойла ма дац Зеламхин. Вербицкийна сихха жоп дала деза. Газетехула. Россин массо маьIIехь довзийта. И жоп говзачу оьрсийн маттахь хила деза. Иштта йаздан хьан-хьанна а хуур дац.

Дикка ойла йинчул тIаьхьа ШерипгIеран Жамаьлдин Деналбекана тIехь сецира Зеламха. Иза Соьлжа-ГIалахь вехаш ву. Цуьнан хIусамехь кест-кеста хуьлу Зеламха. Вежарша везаш тIеоьцу иза. Шайх дагаваьлча, хьекъале хьехар а ло. Зеламхин де эшча, дукхазза а гIо а дина.

Сатаса гергадахча, ТIехьа-МартантIе кхечира Зеламха а, Аюб а. Цигахь Аюб шех дIакъастийра Зеламхас. Аренца ког дIа мел баьккхинчохь салтийн, гIалагIазкхийн ха лаьттара. Цхьанна атта дара царах ларвала а, кIелхьарвала а.

Садаьржаш, Шалаже кхаьчча, шена тешамечу стеган хIусамехь де даккха сецна Зеламха, маьркIажал тIаьхьа Соьлжа-ГIала новкъа велира.

ШерипагIеран Жамаьлда Шуьйта уллорчу цхьана жимачу йуьртара схьаваьллера. Паччахьан эпсар волу иза, Шелана гонахарчу йартийн пурстоп хIоттийча, ломара шен доьзал охьа а балийна, Сиржа-Эвлахь ков-керт денйина, цигахь ваха охьахиънера. Амма оьрсийн лаккхара дешар дешна цуьнан кIентий Деналбек, Назарбек, Заурбек, Майрбек Соьлжа-ГIалахь бехаш а, балхахь а бара. Жамаьлдин доьзалехь доттагI вара Зеламхин – Жамаьлдин жимахволу кIант Асланбек. И доттагIалла диъ шо хьалха тасаделлера цаьршиннан. Болатан басахь Iаьржа месаш, седарчех догу Iаьржа бIаьргаш, аьрзун санна, майра хьажар – цIена нохчочун йуьхь-сибат долчу оцу кIанте, дуьххьара бIаьрг ма-кхийтти, безам баханера Зеламхин. ХIинца Асланбекан шийтта шо дара.