Светлый фон

Бийсолта цIахь вацара. ХIокхеран ши йетт а, кIотарарчу нехан бежанаш а лохкий, Iуьйранна лаьмнашка воьдура иза. Бежанашна-м Iy ца оьшура. Лаьмнашкахь талла а, нийсалла герз кхийса а воьдура Бийсолта. Стомара кIентан кхиамаш ша зийра Зеламхас. Жима велахь а, Бийсолтин куьг чIогIа, бIаьрг сирла карийра цунна.

Зеламхина сихха хаьара Iедало шена дуьхьал дIа мел баьккхина ког. Кхо де далале хиира цунна Буру-гIалахь хьолахойн гуламехь хилла сацам а, областан начальникан омра а, цо Вербицкийна тIедехкина декхарш а. Гуьмсе базарахь хилларг оцу дийннахьехь хиира. ХIинца Вербицкийн отряд шена тIаьхьа таллар доло кечлуш хилар а хаьара. Газеташ тIехь зорба тоьхнарг Аюба доьшура цунна. Бакъду, газеташ обаргашна тIекхачале, дукхахьолахь, цхьана кIиранна ширлора.

Делкъан ламаз а дина, пхьор а диъна дIатевжина, цхьана сохьтехь са а даьIна, турмал коча а тесна, ша хьалха хиъна Iийначу лома тIe хьалавелира Зеламха. Цо сих-сиха турмал лоцура ломан терхешна тIехула сетташ, хьийзаш хьала болчу, кхуза богIуш цхьаъ бен боцчу готтачу некъа тIе. Эххар а оцу новкъахь гучувелира ши бере. И шиъ некъаца гIарол деш волу хIорш тIебиссинчу хIусамдайн кIант Торшхо а, Аюб а бен хуьлийла а дацара.

Аюб кхачанах кхетийтина вуза а вина, цуьнца йуьстахвелира Зеламха.

– ХIинца схьадийцал, хIун ду керла? – хаьттира цо Аюбе, цIа чохь шаьшшиъ цхьа висча.

– Вербицкийн отрядан коьрта ницкъаш Органца а, Iассаца а хьала лаьмнашка татта кечбеш бу. Гуьмсерчу базарахь адамаш дайъина Ардабьевскийн отряд Хаси-Юьртахь йу. Схьахетарехь, иза Яркхсуций, Ямансуций хьала Нохчмахка гIорта там бу. АрентIарчу цхьацца йарташкара нах лоьцуш бу.

– Кхин хIун ду?

– Газеташ деана ас.

Ара а ваьлла, говран тIоьрмиг чуьра масех газет дохьуш веара Аюб. ГIеххьачул дика оьрсийн йоза-дешар а, мотт а хаьара Аюбана. Амма новкъахь шаьш оьрсий совцийча, церан мотт шена ма-хаъара шера ца буьйцуш, гуттар а маьттазбоккхий, буьйцура цо.

– ХIокху цхьана газет тIехь бахархошка а, обаргашка а Вербицкийс бина кхайкхам а, хьоьга хьайгга, хьан цIарах йаздина кехат а ду, – шина кхайкхаман чулацам Зеламхина боцца дIa а бийцина, Зеламхе йаздина кехат, цхьа дош а ца дуьтуш, гочдира Аюба:

 

«ХIинца, Зеламха, хьоьга!

Хьан цIе йевза йерриг а Россехь. Амма иза хIумма а хьуна хастаме ца йевза, хьан цIe хьуна эхье йоккху массанхьа а. Хьайн да а, ваша а вала а витина, йамарт, стешха кIилло санна, тIеман арара веддера хьо. Коьллаш йукъа а, тIулгашна тIехьа а лечкъаш, дIаьвшечу лаьхьано санна, дукха адамаш дайъина ахь, оцу тIехьара схьа гучуваьлча, тIе эткан кIажа а хьовзийна, хьайн корта, аьтта, вичIабоккхур буйла хууш. ТIаме а вахана, цигахь майралла а, доьналла а гайтина, паччахье хьайх къинхетам байта аьтто нисбеллера хьан, амма хIетахь ахь иза ца дира, стешха борз сана, цIога а таIийна, лечкъина Iийра. Ткъа хIинца къанделла, кан хилла жIаьла санна, хьесталуш, балхамаш беш, Iедалан хьаькамашка хьайна гечдар, къинхетам боьхуш, дехарш до ахь.