Хьаькамаша хьайн дехарна делла жоп хаьа хьуна. Со кхета, нохчийн дерриг а халкъана хьо къонах хета. Нагахь санна нохчийн халкъана ма-хеттара хьо къонах велахь, нагахь санна айхьа лелориг зударийн шарбал а йоцуш, боьршачу стеган хеча йелахь, нагахь санна хьайн дегIаца жимма а эхь а, доьналла а ларделлехь, сан, эскаран старшинан Вербицкийн, кхайкхамна жоп луш, сох лата меттиг а, хан а билгалъйан йеза ахь. Хьан накъостийн барамехь сайца накъостий а болуш, ахь йиллинчу меттиге, ахь тоьхначу хенахь хьох лата цига дIавогIур ву со. Хьоьца разбойникаш алсам мел хили, дика хир ду, ас лаххьийна бойур бу уьш. Ас оьрсийн эпсаран тешаме дош ло хьуна вайшинна йукъахь хинболчу бартах ца воха. Вайшиннан девна йукъа хьан чIирхой а буьтур бац ас. Тоьур ду аш вовшийн Iенийна цIий.
Амма лата йиллинчу меттиге, билгалйинчу хенахь хьо дIа ца вагIахь, суна карор ву хьо, ведда, дIаваха гIертачу Хонкара хьо дIагIахь а. ТIаккха соьгарчу къинхетаме дог ма дахалахь, ас ирхъуллур ву хьо. Майрачу нохчийн къоман хьакъволу боьрша стаг хьо хилар, хьо кIилло зуда цахилар гайта, Зеламха. Хьайн сацам буьйцуш, соьга, эскаран старшинага Вербицкийга, БуритIа кехат йазде».
Зеламхас леррина ладуьйгIира. Цуьнан йуьхьа тIе хьаьжча, ца хаалора иза огIазвахар а, дарвалар а. Цкъацкъа, корта а хьовзабой, велаозавора. Ша кехат дешна ваьлча, цуьнга хьаьжира Аюб.
– Кхин хIумма а йаздиний вайх лаьцна?
– Цхьана эпсаро жимма йаздина кхечу газет тIехь.
– Дешал.
«ХIокху тIаьххьарчу хенахь разбойниках Зеламхех лаьцна бакъдолчунна аьттехьа а доцу хабарш даьржина меттигерчу интеллигенцина йукъахь. Зеламха лакхара дешар а дешна, кIорггера Iилма а, хьекъал а долуш, цхьана а ницкъах ца кхоьруш, турпала стаг ву, иза, эпсаран духар тIе а духий, гIаланийн урамашкахула маьрша волалой лела, хьаькамийн хIусамашка а воьду, иштта дIa кхин а дуьйцу. Зеламхин схьавалар а, дахар а, амалш а, гIиллакхаш а суна дика хаьа. И разбойник Ведана-округерчу Хорачахь вина могIарера нохчо, бежIу ву, цхьанххьа а цхьа а дешар дешна а, цхьа Iилма хууш а вац, оьрсийн мотт хаъане а ца хаьа. Майраллех а, турпалаллех а хIумма а дац цуьнца. Ша цхьа кIилло, пекъар хилар гайтира цо 1908-чу шеран 31-чу августехь сан партизанийн командица хиллачу тасадаларехь. Сан партизанаша вийна шен да а, ваша а, кхо накъост а витина, тхуна дуьхьал цкъа топ а ца кхуссуш, иза охьа а тесна, эхье веддера иза. Цхьанхьа къайленгахь кIело а йина йа геннара схьа а тIетоха майра ву иза. Зеламха хIинццалц схьа ца лацарна, иза дийна леларна бехке цунна гIо до, иза ларво бодане, бIаьрзе халкъ а, цуьнца дерг чекхдаккха ца хуу Iедал а ду».