Светлый фон

ХIинца и накъостий дIабевлла Зеламхин. Иза цхьа висина. Амма цхьа висинехь а, Iедална кхераме ву. Тифлисехь а, Михеевгахь а хаамаш бу, Зеламха коьрте а хIоттийна, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а гIаттам кечбеш бу бохуш. Коьрта кечамбархо ГIизлара-гIалин пурстоп хилла Коджаев Iабдул-Межед ву, боху. Нагахь санна халкъ гIатто ницкъ ца кхачахь а, ламанхошка Хонкара кхалхаре кхайкха Iалашо йу, боху, цуьнан. Коджаевс халкъа йукъа эладита даржийна, Iедало хьийзочу халкъехьа гIодаккхарна ша даржах вохийна бохуш. Бодане халкъ теша оцу хабарех. Эрзерумехь вехачу цхьана шайхо Зеламхе кехат даийтина бохуш а, дуьйцу. Цхьана ханна къайлавала, Iедалх ларло, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а гIаттам кечбелча, хьо имам кхайкхор ву бохуш.

Оцу хаамашца цхьаьна богIу Ведана округан начальникан подполковникан Караловн агентурин хаамаш а. Караловс йаздарехь, кестта Нохчийчохь гIаттам боло ойла йу Зеламхин. Къадари тIарикъатан вирдийн мурдаша Зеламха а, цуьнан хьуьнарш а хестош назманаш йаржийна. Йарташкахь къайлах гуламаш бина меттигаш а йу. ГIазот хьехор а алсамдаьлла.

Боданечу, фанатични болчу нохчийн бахархошна йукъахь Зеламхас эладита даржийна, боху, оьрсийн эскарша кхолха гуо бина, ша хьеха чохь висича, шайх Кунта-Хьаьжа а, пайхамарш Хизар а, Илес а шена орцах баьхкинера, ша хьехара ара а ваьккхина, кхерамазечу меттиге охьа а виллина, къайлабевлира уьш бохуш. Ткъа бахархой оцу эладитанех а теша. Доцца аьлча, Зеламха дIаваккха веза хIокху дуьненара.

ХIинца йерриг а дегайовхо Караловна тIехь йу.

Эла Караловга безам бацара Михеевн. Бакъду, цунна берриг туземцаш ца безара. Цунна-м хьовха, хIокху Кавказан администрацешкахь гIуллакхдечу оьрсашна массарна а. Каралов, Моргания элий бу. Россехь оьрсийн элийн сий ду. Уьш дворянаш ма бу. БIешерийн кIоргенехь деха орамаш, стаммий генаш долуш. Шайн долахь мехкаш а долуш. Цхьаболчеран долахь йаккхий заводаш, фабрикаш йолуш. Паччахьан гонехь, правительствехь, губернешкахь лаккхарчу даржашкахь болуш. Ткъа хIара КараловгIар, МорганиягIар муьлш бу? Элий бохуш цIераш йу, кхин хьалхе-тIаьхье йац. Шайн махкахь, лаьмнашкахь цхьа масех ирзо, бIе корта даьхни, говраш, йуьртахойчул даккхий а, лекха а цIенош хила тарло церан. Доцца аьлча, хьолана, хьекъална, кхетамна шайн туземцел дукха лакхабовлаза нах бу. Амма мел цаьрга безам бацахь а, кхузахь оьрсийн Iедална оьшу уьш. Толлу, жан жIаьлеш санна.

Михеевна уггар а оьшу Зеламхина тIаьхьа талла. Иза а, Нохчийчуьра кхиболу зуламхой а хIаллакбан. Нохчий, кхерийна, дIатаIо.

Каралов цунна дуьхьал лекха гIовла йолчу, кIедачу кресло чу охьахиира. Iаьржачу аматехь кавказхо. Ша мила ву а ца хууш, кура. Доцца хьал-де а хаьттина, гIуллакха тIе велира и шиъ.