Светлый фон

– Керла хIун ду? – хаьттира Михеевс, ладогIа а кечлуш.

Караловс, шен папка схьа а йиллина, цу чуьра схьаэцна кехаташ шена хьалха стоьла тIе охьадехкира.

– Зеламха нохчий гIовтто кечамбеш ву бохуш, хилла хаамаш ас хьалха схьакхачийна хьан Локхалле. Цунна тIе цу хьокъехь сан агентурера масех хаам бу. Дийцарехь, Зеламха ша вац и гIаттам кечбеш. Кхин нах бу. Халкъалахь бевзаш, лоруш болу нах. Къаьсттана къадари тIарикъатан вирдийн мурдаш. Веданна гена доццуш, Хьаьжи-КIотара олучу жимачу йуьртахь каш ду Кунта-Хьаьжин ненан. ГIаттам кечбархоша оцу коша тIехь дуй биъна, боху, Зеламхина а, вовшашна а тешаме хила. ГIаттам боло партизански отрядаш вовшахтоха аьлла, Зеламхас кехаташ йаздина, боху, шен бартахошка. Нохчийчуьрчу а, ДегIастанарчу а тхьамданашка, динадайшка. Амма иштта цхьа а кехат тхан кара ца кхаьчна. Хетарехь, Зеламха реза вац гIаттамна коьрте хIотта. ХIунда аьлча гIаттам кечбархоша, имамалла тIелацахьара аьлла, дехар дина хилла Шеларчу МоIса-Хьаьже. Иза реза ца хилла. Ботлихан округан начальнико полковника Гвилисианис дийцарехь, изза дехар дина цара цигарчу Аслудди-Хьаьже, помещике Гоцинский Нажмуддига а. Уьш а реза ца хилла, боху, имамалла тIелаца. Даим санна, Нохчийчохь эладита даьржина, кестта Хонкара пачхьалкхо Россица тIом болор бу, Кавказ дIалоцур йу, уггар хьалха туркойн эскарш Гуьржийн БIон новкъахула Теркан областе догIур ду бохуш.

– И питана даржораш муьлш бу, хаьий хьуна?

– Цхьаберш хаьа. Делахь а уьш леца, царна дуьхьал тоьшалла дац. Доцца аьлча, халкъ Iедална дуьхьал карзахдохурш хьалха правительствона гIуллакхдеш хилла, амма цхьацца зуламаш тIехь а, правительствона йамарт хилла а гучубевлла нах бу. Халкъа йукъахь хьалхалера сий дац Зеламхин. Вайн отрядашца тIаьххьара хиллачу тасадаларехь, накъостий а битина, вадаро сий дайъина цуьнан, цуьнца бисина кIеззиг накъостий а тIаьхьара дIабевлла.

Караловс дуьйцучарех цхьадерш хаьара Михеевна. Цунна хаа луург кхин дара.

– Зеламха схьалаца йа хIаллакве, боху Тифлисера схьа. Иза дийна мел ву, хIокху областехь машар, синтем хир бац. Ахь а, Морганияс а мосазза а дош делла цуьнца дерг чекхдаккха. Хан дIайоьдуш йу. Ткъа Зеламха дийна ву. Дийна а ву, маьрша а ву. Хьо хIун деш ву, хIун дaн ойла йу?

Караловс шена хьалхарчу кехаташна йуккъера цхьаъ схьаийцира.

– Йуьхьанца суна моьттура эскаран дакъошца тIаьхьателлича, Зеламха хIаллаквалур ву. Иза аьттехьа а ца хиллера. ТIаьхьадаьхна адамаш алсам хилча, цунна атта хуьлу къайлавала а, ларвала а. Вайнчул дика болх беш, йоккха агентура йу Зеламхин. Цундела цунна дуьхьал къайлах болх бан шатайпа команда вовшахтоьхна ас. Оцу командехь бу Жима АтагIа, МахкатIе, Шела, Эвтара, кхин цхьамогIа йартийн йуьртдай. Йалх стражник а, ДегIастанан полкера йалх дошло а. Итт нохчо, йалх суьйли. Йалхитта стаг. Майра, хьуьнаре, доьналле. Къуръан тIехь дуй баийна ас царна разбойник Зеламха хIаллаквеш вовшашна тешаме хила, тIаьххьара цIийн тIадам ца кхоош, вовшашна гIо дан, вовшашна йамартло йан дага ца даийта а. Цул совнаха, ламанхойн гIиллакхехь, вовшийн цIий эдеш, шаьш вежарий кхайкхийна цара.