Светлый фон

— Ткъа… Ахь динарг хIун ду?

Венкина, ша шена реза воцуш, куьг ластийра:

— Ас шун веа нохчочунна ткъе пхиппа шо хан туьйхи-кх цхьана стага динчу харц тоьшаллица.

— ХIун тоьшалла дара и?

— Оцу веаммо ламаз тIехь а, йуха шаьш мовлид йоьшуш а, Деле дийхира бохура, ша а волчохь, «Веза-Воккха Дела, Америка кху пачхьалкхана тIе а латийта ахь, цунна толам а ло ахьа!» — аьлла.

— Ткъа оцу веаммо?

— Йуххе а ца дуьтура. Шаьш динарг цIена ламаз а дара, йешнарг Мохьмад-Пайхамар дагалоцуш лерина, мовлад а йара. XIapa тхоьца а вара, xIoкxo хIинца харцдерг а дуьйцу, бохура. Бутт хьалха, НКВД — н талламчаша кеч а дина, и дов, хатта аьлла, цкъа сайга схьаделча, аса йухадахьийтира, цхьа теш тоьуш а вац, бехк гойту билгало а йац девнан кехаташца аьлла. Со мича вигира хаьий хьуна кхайкхина? Обком партин хьалхарчу секретарна тIе — чохь кхин а хьаькамаш а бара, НКВД-pa а тIехь.

Соьга элира: «И гIуллакх пачхьалкхан чIагIонна деш ду… Йуьззина йолу юристийн формальносташ и тайпа гIуллакх дечохь йерриш кхочуш цахиларх а мегаш ду… Америка коьртехь йолчу дуьненан империализманий, вайний йуккъехь къовсам бу. Церан дIовш чекхдалийта мегар дац… Кхочушде!»

Ткъа аса: «Партис а, советан Iилмано а советан суд законехь нийсса йан йеза ма боху!.. Ткъа со, уггар хьалха, советски суьдхо ву!» ТIаккха цара: «Хьо уггаре хьалха коммунист а, советан патриот а ву… Цул тIаьхьа ву хьо суьдхо!.. Хьайн партийни декхар кхочушде! Хьо болх бан суьде а партис хьажийна»…

Со ойлане вуьйжира: «Балхара дIаваккхар бен, кхин чу-х вуллур ваций со… Баьпкан йуьхк йоцуш а вуьсур ма вац со а, сан доьзал а… ТIелоцур ма дац ас иза, — аьлла, ойла хилира сан. «Цхьана дийнахь ойла, мукъна, йайта соьга» — аьлла, дехна, и ца дан дагахь, со ара а ваьлла, дIавахара.

Суна тIаьххьий аравелира НКВД-н полковник а.

— ТIехаал кхуза! Со волчу гIop вайша кIеззиг къамел дан! — аьлла, цо шен машенахь со дIавигира. Эццигахь дуьйхир-кха сан дерриг а доьналла.

— Хаьий хьуна, — элира цо, — Москохахь хьан ваша чохь воллуш вуй, Израильца къайлаха уьйр хиларна?.. Хьо оцу тайпана лелахь, цуьнан гIуллакх а талхор ду ахьа, тIе, оха цунах хьо дIа а тухур ву… Оцу йамартхошна тIехула набахте ваха лаьа хьуна, хьайн вешин а гIуллакх луьрачу а доккхуш?..

Сан ойла эццигахь кхечу агIорхьа хьаьвзира: «Ас цатохарх, и хан ирх — пурх царна ца тухуш йуьтур йац-кх… Ас дуьхьало йарх, кIелхьара ца бовлу-кх уьш… TIe ца вирзича, ца волу-кх со, суо а, сайн ваша а, доьзал а эрна хIаллак ца байта», — аьлла, со тIетайра. Тахана ас и суд чекхйаьккхи-кха, цхьаъ бен дIахIоттийна теш а воцуш.