ДАЙМЕХКАН ГIАЛАРТАШ
ТIанк-аьлла йуьзнера колхозан йоккха клуб. НеIарехь а, корашкахь а, вовшашна тIе а теIаш, лаьттара нах. ХIетте, йуххерчун садеIар а хезаш, тийна дара. Обкоман векало, чекхволуш, доггах ваьштатуьйхира трибуна тIехь шен таьптар. Москвахь чекхйаьллачу КПСС-н ХХ-чу съездах йара цо йина доклад.
— Декъалхуьлда Ленински ЦК!
— Дехийла Советан халкъ! — чуьра маьI-маьIIера кхайкхамаш хезара. Халкъо къобалдора цхьа стаг вазварх девлла зуламаш дIадахар а, Ленина хьехна Революцин бакъолла меттахIоттайар а. Кху тIаьххьарчу ткъе иттех шарахь советски адамийн дегнашкахь IаьIначу ойланашна, церан жоьпаза дисинчу хеттаршна, уьш Iаббош, жоп лора тахана съездан сацамаша. ТIараш тийча а, чуьра гIовгIа, пенех йетталуш, чу ца тарлуш, йехха цхьаьнахьахула дIаоьхура, бIаьстенан хиэ, вовшахбетташ, кег а беш, дIакхоьхьу буту ша санна.
Цигара цIа догIуш, Луценкос шеха бIаьрг таIийра Кериме:
— Шух кхаъ хьаьрча моьтту суна: шу Кавказе йухадерза мегачух тера ду.
— Ткъа шух? — нисса цуьнан йуьхьа тIе а хьожуш, йуха хаьттира Керима.
СоцунгIа а хилла, ший цIоцкъам оьгIазе ваьштадахийтира украинцо.
— И-м, дан ницкъ а ца кхаьчна, кIелдисина хилла «цуьнан», — элира Нурседас.
— ХIа… Цхьаьний тхоьга даха деза вай xIapa де даздан, — элира Керима.
— Цул а — тхан цига гIo вай, — тIевирзира Довлетжанов. — Хьан кIант а цIа веъна… Кесирина даге лазар деана а бохура…
— ДIаделира и-м… кIант цIа ма-кхеччи, хьала а гIаьттина, лелаш йу. ДIадуьйла шу, хьиэ а ца луш!
Кериммий, цуьнца Нурседий дIакъаьстира. КеримгIаьргахь, Каташ цIа веанчу баьхкина, Тавсолта а, цуьнца Селитий, Джамбул, Замий а дара. Каташах воккха кIант хиллера. Алма-Атарчу йуьртбахаман институтехь доьшуш вара иза… Жима Заретта вешех хьерчара.
Хьеший схьагулбелира. Тхьамда винчу Тавсолтас хьалхара кад айбира:
— Сталина вайн Советан куьзгана тIе тоьхна боьха Iаь, шен пхьош хьаькхна дIахьаькхинчу ХХ-чу съездана тIера! — лимонадах дуьззина тоьхна стака хьалаайира Тавсолтас, Луценко велакъежира:
— Сталина вайн Советан куьзгана тIе тоьхна боьха Iаь, шен пхьош хьаькхна дIахьаькхинчу ХХ-чу съездана тIера! — лимонадах дуьззина тоьхна стака хьалаайира Тавсолтас,— Оццул безчу кеда чу чIогIо кочалла хIунда ца йоьттира ахьа?
— Вичахьана тIадам ца мелла, — Тавсолтас шен некха тIе куьг диллира. — Сайн дагахь кху кедан цхьаннен а, цкъа а ца дина сий до-кх ас!