Светлый фон

— Дерригенна а тIе бохург санна, кIай, муккхий дийра оха! — тIетуьйхира баьхкинчаьрца тIевеанчу Истамбаровс.

— Ткъа хьаьжкIаш мел йийна аш?

Нурседа жимма схьахилира. Амма, шен шуьйрачу букъаца и дIахьулйеш, кхин а хьалха таьIира Аскеров:

— Ткъе пхиъ гектар.

— Кхин ца йийна?

— Тхан латтанаш тIехь муккхий, кIай дика хуьлура, накъост Вильянов, цундела, цкъачунна латта зуьйш, зенах ларлуш, кху шара хьаьжкIаш оццул бен ца йийра оха… ЧIогIа дикачу xIyx а ду оха дийна кIай, муккхий, — кIешкахьа вирзира Аскеров. И йоллу аре дIалаьцна, бIаьрг тIера ца баккхал, хаза техкара, кестта хьакханний бен ца деза кIай, муккхий.

— ХIетте а… Гой шуна, хьаьжкIаш а ма хьийкъи шун тIех дика. Ткъа мукх бийначу лаьттан эханна тIе, мукъна, уьш йийнехьара, мекхал шозза а сов хир йара… Цу тIе, гIодамаш а дуьсур дара докъарна! — элира Вильяновс.

Асарахь бохку колхозхой, метигаш, гаьмнаш карахь тIеоьхура, го беш. «Москвара ЦК-н векал кхаьчна!» — цу сохьта даьржинера. Шен метиг тIехьа а лаьцна, йистехьо лаьттара Селита. Гонах бара церан бригадера зударий, божарий: хIинцца схьакхаьчна тийна Джейран, йерстина Айгерим, мангалан куй тиллина Тавсолта, Керим, кхин нах а. Массо тата дайна лаьттара.

— Ткъа муьлш бу хIорш йийнарш? — хаьттира Вильяновс.

— Кхуьнан бригада ю! — Аскеровс, дIа а хилла, Нурседа гайтира.

— Сел кIезиг хIунда йийна ахь? — хьовзийра и Вильяновс, цуьнан карахь и дацар хуъушехь, цо а хIун олу хьажа. Аскеров, Истамбаров вулавелира.

Нурседа, лаьттан бIаьра а хьоьжуш, IадIара.

— Муьлхарниг йу шун бригада?

— Докъар кечдан, зударийниг… уьш…

— Иштаниг а йу?

— Йу.

— Болх муха бо аш? — къамел самадаккха гIертара Вильянов.

— Божарийн бригадаца къуьйсу оха… Цкъа тола а тоьлла, — элира Нурседас.

— Болх-м дика бора кхуо, — забаре йукъаиккхира Аскеров. — Амал вон йу-кх… гуттар къийсалуш!

— ХIан-хIа! Ма алалахь! И вон амал йац! — элира Вильяновс. — Йукъараллин дуьхьа, шен синтем а ца кхоош, къийсавалар, мелхо а, вайн керлачу адаман гIиллакхехь ду… Партехь йу-й хьо?