Светлый фон

Хаза лаьттара денош а. Нурседас, сарралц чу ца йоьрзуш, шен белхалошца тайира шайн аре. Тахана а Iуьйранна дуьйна йоллура и хьаьжкIашна йуккъехь, чу а йахаза, шен сийна косынка, лаба йеш, хьалха а оьзна, бухадисина асарш дIадохуш. Селитин звено а йуккъе оьзна, шорйинчу Нурседин бригадехь дукхахберш хьаьжкIаш дика йевза нохчий бара. Луценкос шайна ма-хьеххара, беакIов бенан хормехь йийнера цара хьаьжкIаш. Нурседа йоккхайеш аренга хьоьжура: лаккха хьалайахана хьаьжкIаш, мохехь сийна дехий лергаш а лестош, шабарш деш, вовшашна тIетеIара, луьйдиг йаьттIачохь, дашо церг санна болу, можа буьртиг а оьхьуш.

«Хьаьнгга а гайта мегар ду хIорш-м!» — бIаьрг буьзира бригадиран. Бакъду, церан майданна йисттера дуьйна, доза билгалдеш, йуккъехула бецан кес а даьккхина дIайоьду, мукх а, кIа а дийна аре-м йара бIаьрг Iабош: лакхадаьлла и йалта, йоллу аре дIалаьцна, мело хьоькхучу мохехь, хIорд санна, техкара, сийначу тулгIенийн моханаш а йетташ. Сехьарчу йистехь, шен белхалошца, малхехь верриг ватта а велла, кху кIиранах а чу ца воьрзуш, воллура Аскеров а.

Нурседина тIевеара иза.

— Эрна гIерта хьо, — забар йира цо. — Хьан «кукурузник»… хIа!.. Йуха а Сочехь ву хьуна… Итонца лаьтташ… кхуза вогIур а вац, — газета кховдийра Аскеровс.

Шайн йалтехьа корта ластийра:

— Муха хета хьуна?.. Хьо-х дуьхьал йара!

— Йацара те со-м царна дуьхьал… Ас мекхал хьаьжкIаш тоьлу бахара-кх… ХIинца а боху изза. Гой хьуна?!

— Гур ду-кх тIаьхьо: кIорнеш гурахь дагардо!

— Дика хьаьжча-м, уьш хIинццехь а го! — ца къарлора Нурседа.

Церан къовсар мел гена дер дара хаац, амма оцу сохьта, силам диллинчу боккхачу новкъахула схьайогIу кхоъ «победа», кхаьрга нислушшехь, асфальта тIера схьа а йирзина, шайн масалла ца лагIйеш, хецайелла кхарна тIейеара, ченан кIур оьккхуьйтуш. Охьабиссира кIайчу костюмашца, аьхкенан шляпанаш коьртахь, чено цIоцкъамаш а сирдина, районерий, областерий куьйгалхой.

Аскеровс, тIевахана куьг луш, маршалла хаьттира. Цаьрца обкоман хьалхара хьаькамаш а, лекхочу дегIахь, векъна, къено кхин цхьа стаг а вара.

— Накъост Вильянов — КПСС-н ЦК-н векал! — вовзийтира и райкоман секретаро. Вильяновс, коьртара схьабаьккхина, ченах цIанбира шен шляпа. Чан йиллича санна, сирбелла бара корта а.

— Де дика хуьлда шун! — тIевеара и, куьг луш. — КIай, муккхий-м сов дика хьийкъина!

Аскеров сихха Нурседехьа вирзира, и цунна а хозийла хьожуш.

— Дерриге а аш аьхна байлаттанаш хIорш ду?

— Ду-те, накъост Вильянов! Планаца деллачу дерриг а байлаттанаш тIехь кху бIаьста оханаш чекхдаха кхиира тхо, — гай тIехь ши куьг вовшахтесна, шен ма-хуьллу синтеме лоьра Аскеров.