Корта байн охьабахара Нурседин, йуьхь цIийелира. Вильяновн лере а таьIна, райкоман секретаро, кхечарна ца хозуьйтуш, цхьаъ-м элира.
Нах-м кхийтира цо аьллачух, ца хезнехь а.
— Хилча хIун ду… нохчех?! — массарна а хозуьйтуш, цецвелира Вильянов. — Вайн Конституцица массо а къаьмнийн бакъонаш цхьабосса йу! Иза дохо цхьанна а ца йелла бакъо! Советски адамийн башхалла церан къомаца ца къастайо, церан гIуллакхашца бен! Балхахь тоьлларг — тоьлла ву!.. ЦIе хIун йу хьан?
— Нурседа.
— Ден цIе?
— Оха ца лелайо… Доцца: Нурседа — олу-кх.
— Нурседа… хаза цIе йу. Шун маттахь маьIна дуй цуьнан?
— Ду, — эхь хетта, сецира Нурседа.
— ХIун ду, Ткъа дийцахьа.
— Богу седа… бохург санна ду-кх.
— Товш цIе йу… хьуна йогIуш!
Шегахь товчу сийначу косынкица Нурседа, наха эхь доцуш ду олу, шен сийна бIаьргаш хIинца эхье охьа а дахийтина, лаьттара Вильямовна хьалха, доцца жоьпаш луш, наг-наггахь цуьнга хьала а хьожуш.
— Маса класс чекхйаьккхина ахь?
— Итт.
— Кхин а деша деза ахь, Нурседа! — шен йоьIан санна, цIе йаьккхира хьешо.
— Баркалла! Доьшур ду ас! — элира Нурседас.
— Йовха йу! — шляпа дIа а баьккхина, хьацарна йовлакх хьаькхира Вильяновс. ТIаккха йуха а:
— Йовха йу! — аьлла, дIатиллира шляпа.
И бен а воцуш хиларх майрайаьлла Нурседа хIинца нисса дIахьоьжура цуьнга. И воккхо стаг воллушехь, цуьнан бIаьргаш, къоначеран санна, сирла, синкъераме хьуьйсура, лер а зевне декара. Амма и луьйчуьра сецча, цуьнан бIаьргаш чу дайн IиндагIа хIуттура. Цу сохьта и тарлора Нурседина цхьана Iалашонна тIекхача сихвеллачу, амма кIеззиг гIелвеллачу некъахочух. Церан къамел сецначу минотехь, Тавсолта тIехилира Нурседина:
— ЙоI, вайх хIума хаттахьа цуьнга: цIа ца дерзор-техьа вай?