Светлый фон

Гонахарнаш бийлабелира.

— Ткъа цIа маца дохуьйту тхо? — коменданте хьаьжира Тавсолта.

— И суна хаац. И билгал дац хIинца а… Ма сиха ву хьо, воккха стаг… Нисдан а, кечдан а дезарш дукха хир ду, хьуна, хIинца а, — шен хьаьрса цIоцкъамаш хьалатесара коменданта. — ПаргIат а даьхна, кхузахь дита а там бу, — тIетуьйхира цо.

— ХIинца кхузахь со сецо-м хала, хьаха, хир вара шуна, — корта ластийра Тавсолтас…

Шайн цIенна гергакхаьчча, кхин а сихло говр санна, комендатураш дIайаьхначул тIаьхьа кхин а чIогIа карзахйевлира Тавсолтин ойланаш — цIехьа! Цу ойланаша дIалаьцна меллаша воьдура иза тахана колхозан бешехьа. Беша дIакхачале, некъа тIера а ваьлла, нисса малхбузехьа ша-шах дIаоьхуш карийра цунна ша, цхьа жимо гу Iалашо а лаьцна. ТIекхечира. Раздаьллачу чуртах тера, шен астагIчу кога тIе а таьIна, гу тIехь лаьттира иза, малхбузехьа вогIавелла, меттах ца хьовш. Винчу мехкан сибаташ ма-хуьллу нуьцкъаша шен ойлана хьалха тIеуьйзуш, дагалоьцура цо. Кхин а… Кхин а… Кхин а…

ЦIеххьана цIера сурташ, xIapa цига дIакхаьчча санна, ма-дарра цIена гуш дуьхьалхIиттира цунна ойланийн ницкъаца. И ца кхеравелира: мелхо а цо кхин а нуьцкъаша сецадора уьш шен бIаьра хьалха, уьш йуха дIадарна кхоьруш. Цунна хIинца цIена гора лаьмнийн даккъаш тIехула ша жеца лелаш… ТIаккха шайн колхоз… Ма хала вовшахтуьйхира… Беш… Ма хаза хуьлура… ГIовгIане Яьсси… Лекха ЦIен берд… ТIаккха роггIана дуьхьалтийсира: йуьртан кешнаш, Даудан хIоллам… Нурбикин кошан барз… Шайн керт…

Тавсолтас шен ойланийн ницкъаца кхин а тIеттIа тIеуьйзура и бIарлагIаш, уьш дIаян ца юьтуш, хIинца уьш дIаяхь Баккъал а ша цIа а ца верзарна кхоьруш санна…

ХIинца дIо генна хьалха, вукху агIорхьа, малхбалехьа, кхин цхьа сурт а, цIена, дуьхьалхIоьттира цунна: хьуьлла дитташна дехьахь дIасахьера, кхунна хIун йу а ца хуу, цхьа Iаьржа тоба. Кхеравелира Тавсолта: «Хьера-х ца ваьлли- те со? Дала а магийтац, бах, шен дозанал тIехваьлча… Хьекъалх а воккхий кIелвуьту, бах, дуьненан дезаршка шегачул тIех сатийсинарг»… «ОстопираллахI!» — дийшира Тавсолтас шабарца.

Йуха а малхбузехьа дIахьаьжира: дIайайра хьалхара бIарлагIаш, генна дIа ма-йарра гора шера аре. ТIаккха, сиха, йуха а малхбалехьа вирзира иза: хьалха санна, хIинца а, хьуьлла дитташна дехьа, йуха а дIасахьера и Iаьржа тоба. Тамаше хийтира, амма, кхерам дIа а теттина, хьаьккхина цигахьа вахара Тавсолта…

Цигахь хиллера гIаларчу вайнаха шайн белларш дIабухку кешнаш. Тавсолтина, тIекхаьчча, цу сохьта вевзира, тохара дуьйна а гина воцу, тобанна йуккъехь, корта а оллийна, керлачу кошан борза йуххе лаьтта Рашид. Цуьнан хазачу, са ца гучу бIаьргаш чуьра меллаша хин тIадамаш ледара. ДIавоьллинарг цуьнан шийтта шо кхаьчна кIант хиллера.