Селита а, кхин нохчий а гергахилира. Вильянов Тавсолтехьа хьаьжира:
— ХIун боху цо?
— ХIара сан да ву… нохчех лаьцна хьоьга хоттийла лаьа кхунна: цIа дерзор дуй тхо? — хоьтту цо…
Вильяновс, куьг лоцуш, Тавсолте маршалла а хаьттина, массаьргахьа а вирзина, элира:
— Билггал ала хаац суна цу хьокъехь хIинца а. Амма и тайпа гIуллакхаш толлуш ЦК-н комисси йу. Бакъду, Сталинан гIалаташ партис хIинца нисдийриг хилар! Са ма гатде! ПарггIат шайн белхаш бе!
Асархойн йаххьаш серлайевлира. Шеца болчу накъосташкахьа а вирзина, Вильяновс тIетуьйхира:
— Граждански тIамехь а нохчий, гIалгIай майрра революцигахьа летта… Суна хаьа. Кировца, Орджоникидзеца со лелла хIетахь Кавказехула.
Нах дIасахуьлуш, самукъане гIовгIа йелира: отрядан кепахь, кIайн кучамаш, сийна хечеш йуьйхина, цIечу галстукашца богIура школера пионераш, шайца хьехархо а волуш. ТIекхоччушехь, отряд саца а йина, хьалха волчу пионервожатис, казахо, салют делира:
— Пионераш! Коммунизмехьа къийса кийча хила!
— Гуттара а кийча ду! — мохь туьйхира йерриг отрядо.
Пионервожатис тIоьрмиг чуьра схьайаьккхина тилийна йоккха хьаьжкIа а, керлачу кIенан кан а кховдийра Вильяновга:
— Хьоме ЦК-н векал, тхешан школьни кха тIехь оха тхаьш кхиийначех йолу хIорш безамана хьуна ло оха!
Вильяновс маравоьллира пионер. Уьш балош йеанчу, дIанехьуо лаьттачу, церан хьехархочо йуха грузовикахь дIабигира пионераш. Вильяновн йуьхь серлайаьллера:
— Гой хьуна, накъост Аскеров, шун латта хьаьжкIашна дика хилар пионерашна а хаьа!..
Кхеран Iодика а йина, уьш шайн машенашца дIабахара Казах-Кюлехьа…
Йижарийн белхан аьтто табелира. Цул тIаьхьа Нурседа парти а ийцира…
***
Гурахь колхозан собранехь жамI деш сацийра: тIедогIучу шарахь байлаттанаш кхин а алсам аха; хьаьжкIашна кхин а цхьа бIе гектар тIетоха. Аскеров, ша волчуьра йуха а хасстоьмашлелочу бригаде хьажийра. Цуьнан метта хаьржира Луценко.
Колхозан председатель Истамбаров деша вахийтира, Довлетжановх «бастык»10 а вина. Коммунисташа парторг Керим хаьржира. Оцу собранехь дакъалаьцна Обкоман векал, гIуллакхашна резахилла, тIевеана, Нурседин а Iодика йина дIавахара…